banner banner banner
Чонга иччархо. Туьйранаш
Чонга иччархо. Туьйранаш
Оценить:
 Рейтинг: 0

Чонга иччархо. Туьйранаш


Ницкъале ши т1ам а айбина бара,

Х1аваэ йолуш шен цабархьама хьем.

Цунна-ма ца хаьара шена т1ехула кхозуш

Дуьненна даръелла и текхарг юй.

Горга б1аьрг ц1аьххьана сецира, хьожуш,

Багара шина матта туьйхира суй:

– Б1арзъелла со лелаш, ахьа эшарш лоькху,

Ахь со ца лору-те, ца до-те сий?

Сан мерк1ела х1оьттина ахь ц1ог1а хьоькху,

Дуьненна т1ейиллина со-м паччахь яй!

Бумбарин сецира и зевне эшар,

Сецира сихонца и шера мотт.

Ша кхалла кечъелла и текхарг гича,

Иэгаеш, бумбарин деттало дог.

Къорзаниг реза ю, ша лоруш гина,

Шех кхоьруш массо а текхаргана го.

Оцу жимчу шен коьртаца ойла а йина,

Лаьхьанин паччахьо омра ма до:

– Ладог1ал ахь соьга, лергаш дай сема,

Ладог1ал ахь соьга, ва 1аьржа лай!

Адмашца ас бечу цу луьрчу т1еман

Г1о лоцуш, болх бе ахь т1емашца хьайн!

Т1ам чехка бумбари, хьо г1олахь сиха,

Шахьаршкахь лахалахь, толлуш и лам!

Лаьмнашкахь, аренгахь хьажалахь дика,

Дуьненчохь стенгахь ду и адмийн къам!

Бийцалахь некъ суна цу адмийн уьйт1а,

Ас т1аккха кхоллур яц, юур яц хьо!

Деха де ца лоруш, ца лоруш буьйса.

Са хьайна дезахь ткъа, сиха баккха го!

1ад уозош, кхоьссина пха санна, маса

Бумбари хьаьдира стиглане ирх.

Теллира дуьненчохь адмаш 1ен аса,

Къизаллин аьтто беш, тесира зирх.

Бохь лекхачу цу лаьмнийн теллира ирхеш,

Йист йоцу аренаш юьстира цо!

Де-буьйса ва доцуш, ша-шен а сихъеш,

Баьккхира бумбарийс дуьненна го.

Сийначу цу стиглахь, мархашца къуьйсуш,

Бумбари йог1ура текхаргана т1е.

Къорзачунна кестта цо, сихоеш, дуьйцур,

Стенгахь ю цу адамийн кхерчахь и ц1е.

Эххар а ямартачу бумбарех кхийти

Т1ам 1аьржа ч1ег1ардиг, стигланаш зуьйш.

Ч1ег1ардиго шен некъ а ловзарца хийци,

Бумбарина уллохьа мархашца уьйш:

– Бумбари! Бумбари! Хьо стенга йоьду,

Ц1е яьлча ва санна, лестабеш т1ам?

Хьо стенга сихъелла, дийцахьа соьга, —

Хаьттира чег1ардигс, беш кхунна там.