Болатас мацах хьалха шаьш цхьана т1елатар динчу мостаг1ийн г1опара цхьа ц1естак1удал санна т1ехь хьийзина юткъа бирг1а а йолуш, цхьа яй беънера ц1а. И хиллера шен ц1ахь къаьркъа деш болу яй. Болатас пхьерашка цунах яйтинера мехкадаьтта кхехкош, т1еда молха деш пеш. И т1уьна молха тоьпана чу дотта йиш яцара, амма цунах яьлла ц1е д1аяйъа йиш-м яцара. Т1ехула т1аьрсиган ботт а беш, леррина кечйинчу кхабанашна чохь д1аса лелон атта а дара и т1уьнамолха, эккхар а дара цуьнан ницкъала. Т1еман тасадаларшкахь и герз оьшура дуй хаъара Болатана, Зараъас х1инца гайтира и муха герз ду. Цулла а совнаха, Болатас йо1ана 1амийнера шен инзаре ехачу мажартоьпана т1е турмал ч1аг1ян а. Мел генара хеташ делахь а, цундела дара Зараъас ша йаккхийн тоьпийн х1оънийн оьлана т1ейиллинчу кхабана нийса топ тохар. Иза-м х1инца а яра шен Сирдинна т1ехь хьуьна юккъехь хаъалуш, кхин цкъа а топ кхосса кечам беш яра и. Шозлаг1а кхоьссинчу тоьпо эскаран тоьпан молха т1ехь долчу ворданах цхьана и сийна ц1е тесира. Ворданан гатана тхевна т1е кхоьссина кхаба а яра мехкадаьттах даьккхина т1уьна молха чохь долуш, ткъа цунах яьлла ц1е д1аяйъан йиш ма яц!
Говраш хаьхкина бог1уш болу дошлошна а гуш лилхина д1аяхара яккхийн тоьпаш а, царнна т1аьххьа и 1аьржа к1ура ирх бохийтуш иккхира тоьпан молха т1ехь йолу ворда а. Гонаха мел хилла салтий а аьтта д1абахийтира, уллохь нийсбелла кхинарш а и сийна ц1е летта хаьштигаш санна богуш бара. Оцу хенахь к1урана юккъехула юьртана чоьхьа тилира Виситин кхо б1е дошло! Церан тарраш дара малхахь бекхаман ц1е хилла лепаш! Дошлойн буйнахь мостаг1ий лохуш хьийзаш, уьш ч1ог1а тера дара сирла леттачу хаьштигех. Везчу Дала шен кхиэл еш яра х1окху юьртахь а, х1окху махкахь а б1ешерашкахь та1азар латтийначу геннара кхуза схьаоьхуш, ц1ий 1еночу мостаг1ашна. Амма ч1ог1а дукха бара-кх хьакхийн хуьрсий санна дебаш болу Делан мостаг1ий! Х1окху махкахь санна дукха бара-кх уьш х1окху юьртахь гулбелла а! Делахь а, х1ораммо шен ира тур массийттаза ц1ийх дузуш юьртах чекх-м лилхира Виситин майра ламанхой. Мостаг1 меттавеъна валале юьртах бевлира уьш, хьуьнхахь къевла а бевлира. Юьртара ца бовлалуш, Виситас омра деш човха а беш бехира цхьаболу кегирхой.
Юрт, к1ура хаъабелла зингатийн т1уьйлигах тера яра, дошлой чубаьхкина аг1ора-м юьртахь х1инца а 1аьржа к1ура бара лекха ирх оьхуш, джин санна лекхара т1еоллабеллера и инзаре ирча сурт хилла. Тоьпамолха т1ехь долу ворда иккхинчу гонаха кхаъа-деъа ц1енойх а яьллера ц1е, уьш а дара г1ийла догуш. Йиъ йоккха топ а яра, когаш кегбина гезарий санна ирх-пурх 1оьхкуш. Юххехь лилхинчу йоккхачу тоьпана х1оънаша вовшаха лелхийтира уьш, х1ун ю ца хуург а еш. Паччахьан пхьераша ламанхойн мохк баккхан йина яккхийн тоьпаш яра уьш! Х1инца тера яцара уьш генара кхуза ялош хиллачех. Т1ехь малх а сецаш, гуттар а кечйина, ц1ан йина лелош яра уьш салташа. Х1инца-м бацара и салтий а, йа и йаккхийн тоьпаш а! Меженаш яьхна, д1аса а кхийсина 1оьхкура йаккхийн тоьпаш а, салтий а. Шаьш лехнарг карийнера царнна массарна а х1окху мискачу нохчийн юьртахь. Амма к1езига машарен адмашна зенаш а ца деш-м ца хиллера уьш шаьш а х1аллак. Х1инца, хьалха юьрта юккъехула маларо а, дарбаларо а б1аьргаш а ц1ийдина, дукха адам дерина охьадиллина куьйгаш а, шаьш а ц1ийх буьзина кхин а цхьамза хьанах 1оьттина чекхбоккхура бара тешна бохуш техкаш д1аса лелла хилла салтий, х1инца кхечу аг1ора бара. Цера б1аьргаш къаьрззинчохь дара, церан куьйгаш а, цхьаболчийн лахара балдаш а дара эгадеш. Жоьжаг1атан даима а диллина долу кевна ц1аьххьана шаьш т1е1оттаделча санна озабелла бара уьш. Цара шина куьйга гонаха кхерам туьйсуш къуьйлуш йолу цхьамзанаш долу тоьпаш-м шайн кхерабелла 1адийна дара! Х1инца-м уьш, шаьш байъинчу юьртахойн декъашна т1ехула лелла ца 1аш, шайн, х1инцца ламанхойн дошлоша таррашца берина охьабехкинчу салтийн декъех а когаш тийсалуш галабуьйлуш д1асалелара. Царна юккъехула хьалха санна ийза ца луш, шайна салтийчунна б1аьрг т1е1оттабелча а дуьхьала «г1-г1-г1!» деш кхерамаш а туьйсуш юьртара ж1аьлеш а дара. Жима татолаш санна маь1-маь11ехула даьржина ц1ийно кортош тентагдаьхначух тера дара миска дийнатийн а. Массо а маь11ехь дара салташа хьалха ц1е тийсина догуш ц1енош а, шайх юрт хьулъеш дуькъа лаьтташ долчу стоьмийн диттех а леттера и ц1е. Х1инца и дитташ а дара ц1е вовшен кар-кара а кховдош семсайохуш д1аян ца юьтуш. Диттийн гаьннаш д1алаца серладевлла хилла заза а дара ц1еро къинхетам х1ун ю ца хууш дагош, туьркийн, 1ежийн к1айн заза, г1аммаг1нийн алла заза. Бацалахь бес-бесара хаза зезагаш дара алух хьерчаш, к1егалеш а хуьлуш оьгуш, ша и сийна буц а санна. Оцу шайна жоьжаг1ате хиллачу юьртах бовлан сихбеллера цхьаболу уггаре а ч1ог1а кхерабелла салтий. Иза уггарен а г1олехьа ч1аг1о ю массарел а аьлла тарделлачу инарлас а йира ч1аг1о: эскар юьртаха даккхан! Салташа хьоькхучу маьхьаршна дечу узаршна, ц1аро яьккхинчу г1овг1ано, баьккхинчу к1уро а ца кхоьтийтура: и ламанхой х1инца а юьртахь салташна т1елеташ бу, я кхин а т1елатарна кечам беш бу. Цундела мохь бетташ гулбан г1ертара и шена уллохь эпсарш:
– Арадаккха эскар юьртара! Арабаха салтий, генабаха! – йиш хаьллера цуьнан мохь бетташ, к1уьро садукъдина йовхарш йора цо.
– Кхочуш дийр ду, хьан лаккхара сийлалла! – олура эпсарша, хурашкан лабина улло куьйг а хьош, нисбелла д1ах1отта а г1уртура цхьаверг.
Амма салтий-м дукхаха берш шаьш а дукха дика кхочушдеш бара и омра, инарло шайга лерга а веъна аьлча санна.
– Ва, сан нана! – маьхьарий оьхура цхьаболчу салташка.
– 1ийса! 1ийса! Орцаха валахьа! – 1ийса пахмаран ц1ераш йохуш, некхийн т1е ала ца кхуьуш, хьаьжна а, ч1енгана юккъе ж1арийн сурт х1иттадора кхечара кхаъа п1елгаца.
Эзарнаш салтий юьртара а юьртана гонд1ахьара а охьахьаьдира юьртана йисттехула боьдучу некъаца. Кхерабаларна лаьмнаш долчу аг1ора д1ахьаьдда цхьаболу салтий, эпсарша юьхь лоцуш буйнаш а детташ метта балабеш вукху аг1ора хьовсабора, массо а д1ауьдучу аг1ора. Кхин а ламанхоша ц1аьххьана т1елатар деш хилахь а аьлла жимма доьналла долчу салтех эскарна гуонаха г1аролаш-ч1аг1онаш х1иттайора эпсарша. Инарла хьалха ваьлла вара салташна, эскарна эрна арахь гонаха хьун йоцуш меттиг лоьхура цо. Иштта меттиг бара дикка генахь хина йисттехь: цхьана аг1ора лекха берд а болуш, вукху аг1ора шера майда, хьунна генахьуо. Оцу меттехь сацийра инарлас шен эскар. Т1ебог1ун салтий а ворданаш а якхийн тоьпаш а д1анисъеш шайн гуо ч1аг1 беш, меттабог1уш бара салтий а. Эпсарш а бара б1аьргах сараг кхетча санна хьийзаш, цкъа хьалха бовдуш, т1аккха т1аьхьабисиначаьрга хьовсуш. Цхьаберш говрашна т1ехь а бара. Кестта го а лаьцна ч1аг1о а йина д1анисделира эскарш. Дукха хьолехь лайш санна лелош болу салтий, мостаг1ехчулла а ч1ог1а шайн эпсарех уьш кхоьруш хилар дара. Ткъе пхеъа шарахь салтий а вина лелош волчу стагах, лай ца хуьлийла а дацара эпсарна йиттина вен а магош долу и синпекъар.
Де суьйренга г1оьртинера, жимма язъеллачу мархашна т1ехьа лечкъара малх кест-кестта.
Шадериг бохург санна, хьаннийн баххьаш д1алаьцна заза дара дитташна даьлла. Шадолу 1алам дара хаза бос эцна, аьхкенга г1оьртинера б1аьсте. Шаьш йохийна, ягийна эрча яьккхинчу юьртана, к1урана, ц1ерна, стенгахь бу ца хуучу ламанхойн т1емлошна а шаьш генабевлла хеташ сецна го ч1аг1бинера мостаг1ийн эскарша. Лазийнарг лозаран ц1енна улло г1ертара, мацевелларг юуург кечъечу даккхийн бухьахь ц1е латош яйнаш долчу г1ертара. Ч1енгийна т1ег1уртуш еха, хьийзина 1аьржа, юккъехь сира чоьш долуш, лергана т1ера ч1енгана т1е кхаччалца ахмаж а йолуш волу инарла вара, сихха д1ах1оттийначу четарна к1елахь шен эпсаршца къамел деш.
– Яккхийн тоьпех жоп луш мила вара шух? Муха нисделира и ламанхой-акхарой, бог1уш лаьтташехь, цхьа а дуьхьалло а йоцуш юьрта чу бахкар! – реза воцуш ц1ог1 хьоькхуш т1ечехара и, охкаделла ц1оцкъамашна к1елхьара, т1ебаьлла боккха ши б1аьрг а къерзабеш.
– Иза шен яккхийн тоьпашна уллохь кхелхина… иккхинчу х1оънаша гулдан х1ума ца дитина цунах а, цуьнан салтех а, – элира горга сийна б1аьргаш долчу эпсаро.
– Цунна «Георги» ж1ара йоьхура ю аса паччахье, цунах йисинчу зудчунна, берашна йохьийтура ю! шайн да турпалла мостаг1ех леттийла хаъан деза царнна. Цуьнан бераш хьалакхиъча кхуза дахкан дезаш ма ду, т1емлой а хилла! Х1окху акхаройн х1у кхача дан дезаш ду! Вайн садо1ан йиш яц, х1окху дуьненахь цхьаъ мукъна а нохчий дийна а волуш! Х1окху ялсамане санна хаза болчу махкахь бахан бакъо йолуш бац уьш! – геннара шен ойланаш йовзийтуш къамел дора инарлас.
– Бакълуьйш ву хьо, хьан лаккхара сийлалла, оцу акхарошна меттиг бац дуьненна т1ехь! – т1етадора дукхах болчу эпсарша а.
Эпсарий-м дера бара сахиллалц а инарлийн синхаъмашка ладуг1ура долуш, цуьнга шаверг а ламанхой а х1аллаквойтура волуш, цо шайна т1е ц1ог1а ца хьекхчахьана. Амма, ша нохчашна ден долу та1азарх дийцина ваьлча, эпсаршна а кхечира цуьнгара бес-бесара къаьхьа дешнаш.
– Г1аролана къаьсттина т1е тидам бахийта, и акхарой кхин а т1елатан ойла йолуш хила мега! Яккхийн тоьпашна хаьштигаш кийча хилийта даима! Мукъа ду шу! – омра дина, эпсарш д1ахийцира цо, дов дерзош.
Виситин т1емлоша эзар гергга салтий витинера юьртахь лазийнарг а, вийнарг а. Делахь а эскар дукха дара х1инца а, дукха ницкъа бисинера церан. Амма и эскар кхача оьшуш а, хи оьшуш а дара. Инарлас цхьа х1ума ца хуъуш ца нийсадинера шен эскар хина йистехь. Дукха сирла а, хаза а хи уллохула хьаьдда доьдура. Делахь а, лекха берд а бара, инарлас леррина хаьржинчу оцу аг1ора ламанхой т1елетийла дацара. Бердах ламанхой-м ца бовла тарлора шайн говрашкахь, делахь а салтийн дезара бердах чубийса, шайна хи дезахь. Кхача кечбан салташна белла г1оьнчаш бара, г1аролаш а хи схьакхехьан дезарш а.
Йоцачу салтийн белаш а карахь т1ебирзина салташа бердах чувуссийла яьккхира, нийсса т1ег1анаш а еш. Ламанхой ц1аьххьана гучу бовлуш хилахь а, дехьа-сехьахь юьйлина кечйина тоьпаш а йолуш, г1аролаш бара д1ах1иттийна. Оцу белхана т1евиллина волу векъна а волуш, цигаьрка багахь йолчу эпсара омра дира салташна:
– Сихо йе! Эрна хан ца йойъуш хи схьадададе! Ламанхоша т1елатар деш хилахь сихонца духадерза, г1аролаша мостаг1ашна тоьпаш тухушшехь!
Хи уллохь хиларх самукъадаьлла, хи эцан дезаш болу салтий, т1ехьаьдира зевне екаш йоьдучу тулг1ешна. Хьалхаваьлла воьду оза, веха салтий хина т1екхоччушехь шегара ведарш улло охьа а кхийсина хина чувелира гоьллалца. Охьатаь1ина канаш юьззина схьаэцна хи мелира цо. Кхин цкъа а сихха канашца эцна хи бете дехьира цо. Амма и хи д1амала ца кхиъира, хина дехьара геннара схьахезира топ йолуш. Канашкара хи д1аса а кхуссуш, кьуьйгаш д1аса а даржош аркъала сиха йог1учу тулг1ешна чу охьавуьйжира салти. Дуьхьало ца еш долу цуьнан дакъа масачу хино сихонца охьатакхийра. Гонаха хи оьцуш бохку салтий, ведарш кхийссина а дуьтуш, хина йисттера д1ахьаьлхира берда йистте. Да воцуш дисина ведарш а тулг1еша т1аьхьа хьажийра хьалха охьавехьначу салтийчунна. Дехьа, сехьа лаьттачу г1аролаша тоьпаш туьйхира цкъа цхьаммо кхуссуш, т1аккха вукхо. Хьуьнхана аг1ора, шаьш стенга хьажон еза ца кхеташ, сихонца кхуьйсура г1аролаша тоьпаш, гуш х1ума-м дацара царнна. Х1инца ламанхой, айбина тарраш а долуш чухахкалур бу моьттуш, шена хи эцар т1едиллинчу эпсара орца доьхуш салтий вахийтира инарлан четаре:
– Х1инцца т1елатан мегаш бу ламанхой! Яккхий тоьпашца г1о де боху ала, цуьнан леккхара сийлалле, инарле! – мохь олуш омра дира цо салтийчунна. – Мох санна сиха г1олахь! – т1етуьйхира цо, цхьана куьйга хьокха санна топ а лаьцна, д1аиккхина воьдучу салтийчунна т1аьхьа мохь тухуш.
Хьунна юккъе, хин дехьа б1аьрг а бетташ, салташка-г1аролашна омра дира эпсаро цул т1аьхьа:
– Тоьпаш юлий, кийчча хилийта, мог1а беш д1ахитта!
Г1овг1а яьлча, х1ун хилла хьажа схьауьдура бердана т1ера салтий а, эпсарш а.
– Х1ун хилла! Х1ун хилла? – хоьттура эпсарша шайн накъосте мохь бетташ.
– И акхарой хина дехьа хьуьнан юккъехь хаъабелла! Уьш чухахкабалан мегаш бу! Цхьаъ салтий вийна цара топ тоьхна!
– Тоьпаш кечйе! Мог1а беш д1ах1ийтта! – маьхьарий девлира г1онна т1ебаьхкинчу эпсарийн а шайн-шайн салташна дола деш.
Салтий-м тоьпаш а кечйина д1анийсабеллера сиха, амма ламанхойн лара а яцара хиндехьа хаъалуш. Хи дан бердах биссина хилла салтий а бевлира сихонца берда т1е, шайн буйнара ведарш цхьаболучара охьакхийсинера, бевдда бог1уш. Вукхера-м хьуьнар кхаьчнера ведаршца юхаберза, цхьаберш цхьаъ ведар бен доцуш бара буйнахь.
Кестта хьуьхь а воьлла схьакхечира инарла а.
– Х1ун хилла, х1унда? Х1ара х1ун к1ур бу аша г1аттийнарг? Стенгахь бу ламанхой? – зорба тухуш санна охьадохкура цо хаттарш, шена дуьхьала а лелхаш, ша-ша гайта г1ертачу эпсаршка.
– Цкъачунна хилла доккха х1ума дац, эцца цхьана салтийчунна топ кхетта, – куьйг хурашкин лабана улло а хьош, дуьхьала веънера инарлина хи дарна жоьпалла т1ехь долу эпсар.
– Ламанхой стенгахь бу т1аккха? – ца кхетара, шена т1ехьа яккхийн тоьпаш теттина бог1уш салтий а болуш, схьакхаьчна волу инарла.
– Сан г1аролаша дуьхьала тоьпаш а тоьхна кхерабелла хьуьнхахь лечкъина уьш-м! – дег1 нийса а деш инарлина хьалха лелхара эпсар.
– Шаьш акхарой елахь а, кхерабалар-м оцу ламанхошна х1ун ду а ца хаъара. Цхьа х1иллана ч1аг1о еш хир бу уьш. Бердаца д1а х1оттае йиъ йоккха топ! Вуьйш эскаршна вукху аг1онца шера аре ларъян д1ах1ийттае, шаьш хьалха хиллачу меттиге! – омра дира инарлас. – Ахьа гайтина турпалла хьуьнар ас паччахье дохьийтачу рапортехь билгалдоккхур ду! – жимма къажарна тайпа шен цигаьркан тонкин басахь йолу масех церг гайтира инарлас.
– Со хьан муьт1ахь лай ву-кх, хьан лекхара сийлалла! – даь1ахк еллачу ж1аьлин кепара хьаьвзира эпсар.
– Ламанхой-м лаьхкинера аша эскарна юург кечъян хи деъан аша? – ц1аьххьана дагадеъна хаьттира инарлас, массаьрга а бохург санна.
– Х1инцца, х1окху делан сохьтехь… Со бехке ву… къинт1ера валар доьху, хьан лаккхара сийлалла! – олуш д1атасавелира хих жоп луш волу эпсар, карахь ведар долуш а, доцуш а бобераш санна бердана йисттехь лаьттачу салташна улло.
– Стенга дехьана аша ведарш? Эхь ца хета шуна? Сихонца хинна т1е девдда доьлхуш гайтал суна! Марш! – цхьаберш хино т1адийна, вуьйш сацкъаро бехбина лаьттачу салташна т1евирзира эпсар.
Салтий ша-ша хьалха валан а г1ерташ бердах чутилира, т1ег1анаш т1ехула.
– Шишша ведар хи доцуш цхьаъ вуха верзахь аса бийр бу шун болх, заддарчий! – т1аьхьа мохь олуш берда йистте ша а д1ах1оьттира и, къерзош б1аьргаш а долуш, цергашна юккъе 1аьвдина дуткъа можа мекхан цхьа юьхьиг а йолуш.
Хин т1е боьлху салтий шай эгна ведарш а гулдеш хин а бердана а юккъера тог1ина чухула бевдда боьлхура, хина т1е кхачан сихбелла. Буьрка санна горга велахь а, массарел а каден волу цхьа салтий уггар а хьалха т1екхечира хинна. Д1аса а хьаьжина, хьуна аг1ора а хьаьжина, хьаьжана юккъе ж1арийн сурт х1отта ден кеп а йина, шен буйнара ший а ведар цхьана босса хина буха дахийтира цо. Амма ведарш хина бухахь дисира, ша салтий а «чхьоп-п!» аьлла хиш д1аса а тухуш хьаькхин санна горга муц1ар хьалха хин чу а 1уттуш вуьйжира. Генуо йолчу хьуьна юккъера яьллачу тоьпан тата т1аьхьуо кхечира схьа.
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «ЛитРес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на ЛитРес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.
Вы ознакомились с фрагментом книги.
Для бесплатного чтения открыта только часть текста.
Приобретайте полный текст книги у нашего партнера:
Полная версия книги