Книга Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) - читать онлайн бесплатно, автор Вахит Хаджимурадов. Cтраница 2
bannerbanner
Вы не авторизовались
Войти
Зарегистрироваться
Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)
Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)
Добавить В библиотекуАвторизуйтесь, чтобы добавить
Оценить:

Рейтинг: 0

Добавить отзывДобавить цитату

Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)

Нохчийчоьнан Россица 1оттабаккхамаш а, т1емаш а буьйлабалале хьалха нохчийн хиллачу юкъараллин д1ах1оттаман анализ ю Шерипа кхин д1а шен статья т1ехь еш ериг. Шуьйра хууш долу х1уманаш ду уьш дукхахдерш «Х1етахьлера нохчийн юкъараллин д1ах1оттам дуккха а б1ешерашкара схьабеъна ламасталлин д1ах1оттам бу. Кхузахь дац регулярни эскар, полиции, Бац элий а, лай а. Нохчийн юкъараллин структура чолхе яц. Иза маьршачу нехан юкъаралла ю.» Вайн 1илманчаша-талламхоша а историкаша а дукха дуьйцу нохчийн эзара шерашкахь кхолладелла юкъалалин д1ах1оттаман сурт. Шерипас а олу цунах шена хеташ дериг. Амма суна к1езиг хеза оцу аларшна чекъдаьлла сурт х1оттош олуш долу дош. Масала т1етоха лаьара оцу аларшна сайна хетарг а. Дуьнена г1арабевллачу политикаша, историкаша, философоша 2500 шо сов хенахь дийцар деш ду маьршачу демократически адамийн юкъараллех, марошонах лаьцна. Амма и дийцарш, Шерипас ма баххара, Европан хиламашна т1етевжина ю, уггар коьрта лаьтташ ериг оцу дийцаршкахь пачхьалкх ю. Пачхьалкхан дозанан юккъехь, пачхьалкхан барамехь хьовсарш до оцу проблемана дуьненан 1илманчаша. Нийсо лелош йолу пачхьалкх, «дика паччахь», аьлча а демократически пачхьалкх – и ду коьртаниг оцу дийцаршкахь. Пачхьалкх адмаша шайн дахарехь эзара шарашкахь кхоьллина, ца хилча ца йолуш структура ю боху цара. Европан х1инцалера пачхьалкхаш гойту цхьаболчара бос балош масалаш деш царах. Амма Шерипас шен статья т1ехь, дуьххьара бохург санна, аьлла: нохчаша бина т1ом пачхьалкхана дуьхьала бина бу, оцу тайпанчу адамийн юкъараллин структураца. «Халкъ а, мохк а Россис шен дозанаш чулацар ца хета суна нохчаша Х1Х б1ешарахь оьрсийн эскаршна дуьхьало яран а, ХХ б1ешеран чаккхенехь т1емаш хиларан а бахьанаш… Уьш ца г1овтту, ма-дарра аьлча, пачхьалкх йилла. Уьш пачхьалкхана дуьхьал г1овтту. Пачхьалкхо шайна ницкъ барна, пачхьалкхо шайца лелош йолу харцо лан ца лой г1овтту…» Амма хетало Шерипас а чаккхе йоллуш цунах лаьцна ца алар. Дикачу пачхьалкхо нохчийн латта д1алаьцна хиллехьара, нохчаша и атта т1еоьцур дара алан г1ерташ хетало. Нохчий шайн пачхьалкхан дозана чу лоцучу хенахь Росси шен къам а, нехан къаьмнаш а лай дина (крепостное право) къизаллах юьззина пачхьалкх хилла. Амма, суна хетарехь, оцу хенахь баьхна нохчий, церан 1ер-дахар, «пачхьалкх» олуш йолчу терминна, и мел дика хиллехь а, гена хилла, (генна хьалха!) Шерипас шен статья т1ехь шуьйрра йуьйцуш йолу Х1Х б1ешарахь нохчашна юкъахь хиллачу адамийн юкъаралла дуьненахь пачхьалкхаш мел ю цаьрца цхьана тарлур йолуш ца хилла. И хета суна Х1Х б1ешарашкахь нохчаша латтийначу къийсаман а коьрта бахьана. Пачхьалкх, мел ч1ог1а и демократи ларош елахь а, цуьнан маршо пачхьалкхан чулацам болуш ю, ткъа пачхьалкх мел диканиг а и юьхьшен маршо шенчул а лахар лоруш ю. Пачхьалкхан дозана т1ех яла г1оьртича юху шайолу а кхин маршонаш, юьхьшан а, адамийн а, экономически а, кхин ерш а.

Шерипан статьян кхин цхьана аг1онах лаьцца а ала луур дара суна. Цо к1орггера а дика хаарш долуш а дуьйцу нохчийн 1ер-дахаран хьалха хилла чулацамаш, х1инцалерачу заманца церан уьйр а ялайо цо. Амма цо а, кхин болчу таламхоша а т1е тидам ца бохийтуш дерг и х1инцалера нохчий Х1Х б1ешарахь хиллачу нохчех къаьсташ хилар ду. Аса лакхахь ма-аллара, Х1Х б1ешарахь къийсам латтийна нохчий пачхьалкхана дуьхьала т1ом беш х1аллакхилла, дийна бисинарш «пачхьалкх» кхетаман к1елахь совцан безнарш бу. Церан дуьненах болу кхетам, адамийн юкъаметтигах болу кхетам хийцабелла, пачхьалкхан институташа са ца до1уш къахьегна уьш шайн исторически хьолашкахь, нийса аьлча, лахарчу т1ег1ана т1е охьабаха. Х1унда аьлча муьлхха а пачхьалкхан структура, коммунизм олуш йолу утопи а цхьаьна, шен идеалехь нохчийн Х1Х хилла йолу адамийн юкъаметтигийн структурана дуккха а т1ехьайуьсуш ю. Вайн къомана гонаха Х1Х б1ешарахь хиллачу пачхьалкхаша «д1а ца кхоллуш» йуьсур яцара жима Нохчийчоь, амма х1инцалерачу заманахь а ду гонаха 1аш долу къаьмнаш нохчашна шайн культуран, меттан а т1е1ат1къамаш бан шадериг а деш. Вайн матте ладоьг1ча а гуш ду и, аса дуьйцурш дац т1е ца эцча ца довлуш т1еэцна дешнаш. 1арбийн, Европан культурашна юкъанисделла ду вай х1инца а. Кхетадеш ду, дуьне мел доккха делахь а, глобализацино цхьатерра баса далориг хилар массо а къаьмнаш, культураш.

Шен статья чекхйолуш Шерипас т1е тидам бог1ийту х1окху ойлана: «Амма 1996—1999 шерашкахь (нохчийн йозуш йоцуш пачхьалкх йолуш) а нохчийн маршо хьаьшна яра. Чоьхьара маршо йоцуш, сица маьрша боцуш болчу нахана шайна арахьара маршо яьлча. И маршо лан ца ло, цунах дезар эца ца хаьа. Лайн амалашка бирзина нах бу уьш, уьш цкъа а маьрша бовлуш бац…». Алан деза, нохчий пачхьалкхан дозана юкъа бахначул т1ехьа, дикка хан д1аяьлла, т1аьхьенна т1аьхьенаш а хьалакхиина пачхьалкхан «кийрахь». Амма и пачхьалкх даима а «десте» хилла лаьттина нохчашна. Уьш пачхьалкхан дай хила 1амон дагахь цкъа а ца хилла пачхьалкхан бакъболу дай. Мелхо а уьш х1аллакбеш, т1ехьатуьттуш, церан культура «ен» г1ерташ белхаш бина пачхьалкхо даима а. Нохчий шайн дайн адамийн юкъаметтигех а баьхна хилла, ткъа пачхьалкхана юкъабигича а уьш цу юккъехь 1ен-баха 1амош а ца хилла. 1996 шарахь яккхий къизалаш а ловш, механа доккха ц1ий а луш уьш цхьана пачхьалкхах к1елхьара а бевлла кхин и санна йолу пачхьалкх ян г1оьртича х1ун хийцало. Х1Х б1ешарахь, нагахь санна Шемалан теократически пачхьалкх т1амехь тоьллехь а, нохчаша и сихонца йохор яра. Шайн юкъаметтиг лелон а хуур дара царнна, шаьш бехар а бара цхьа а пачхьалкх а ца еш. Амма х1инцалера нохчий хийцабелла, мел ч1ог1а вай дайн г1иллакхаш лелон г1ертахь а, уьш хийцалуш д1аг1ур ду. Шерипас шен статья т1ехь юьйцуш йолу юьхьшен маршо а нохчочун хийца езар ю пачхьалкхан муьт1ахь йолчу маршонца, пачхьалкхо шена луш йоллучу маршонца.

Таханлерчу дийнахь вайн къомана хьалха лаьтташ болу хиламаша гойту вайна хийцамаш мел ч1ог1а хилла, вайн тахана Россин дозанахь елахь а, нохчийн пачхьалкх ю. Вай тахана бен ца дуьйладелла оцу пачхьалкхан маршонех кхета а, пачхьалкхехь дуьззина цуьнан дай а хилла даха а. Х1Х б1ешарашкахь нохчийн хилла адамийн юкъаметтигаш г1оле-м хир яра нохчашна, амма вайн таханлера бакъдерг и пачхьалкх ю, пачхьалкхехь даха 1емаш ду вай.


Минкаилов Эльбрусан «Гуорабожийна сай» ц1е йолчу дийцарах дош.


Аналитическая статья по рассказу известного чеченского писателя и публициста, главного редактора республиканского литературного журнала «Орга» Минкаилова Эльбруса «Упавший на колени олень».


«…Со лаамза хилла теш ма вара цуьнан дахаран…» ишттачу дешнашца чекхйоккху Минкаилов Эльбруса дахаран талламан-тидаман цхьа жимма йолу кийсаг, шен дийцар «Гурабожийна сай», «Вайнах» литжурналан 2010 шарахь, №6 т1ехь арадаьлла долу. Амма и дахаран кийсаг ма-хуьллу хабийна, йоцца язъйина ю авторан дийцаран аг1онашна т1ехь, Минкаилов Эльбрус даима а г1урту шен кхолларалехь дош ма-торру доца ала. Х1ара «Гуорабожийна сай» ц1е йолу дийцар а ду хьаьдда доьдучу дахарана юкъара дош хоржуш ка тоьхна схьадаьккхина яздича санна. Эльбруса кест-кестта ша олуш ма-хиллара: «дийцар мелла а юккъе совнах долу басарш ца ийдеш дош доцца олуш яздан деза, делахь а оцу доца яздаро легашка хорам бина садукъдан а ца деза кхуллучу произведенин…» Дийцар ша кхуллучу заманчохь цу т1ехь аьлла дош доца делахь а, 1аламат боккха а, «адаме муха ланлур бу техьа иштта халниг» аьлла хоьтийтуш хала а адамийн дахарехь хилан тарлуш болу (х1унда ца мега ишттачу дахаран некъ, хилам хилла хила а) цхьа некъ бу автора теллинарг. Вайна гайтархьама бийцина бац и некъ, ша теш а волуш, шен дийцаран коьрта турпалхочуьнца шен синлазам а буцуш, цуьнан халонах ша дакъа а лоцуш, и хало шен дагах чекх а йокхуш, дог а лозуш дийцаран аг1онашкахула чекхволу автор, шен турпалхошна улло а х1уттий. Дийцаран коьрта турпалхой Шемал а, Саида а бу, ткъа Шемалца ишколехь дуьйна цхьана дешна, цхьана юьртара а волуш, вевзаш ву произведенин т1ехь Эмин. Эминан ц1арах ду дийцар д1ахьош, амма дийцаран турпалхочун мотт хьоьхург а хилла ца вуьсу Эльбрус оцу произведенин аг1онашна т1ехь. Эминас дуьйцуш долу, дагна лан а, лергана хаза а хала долу дийцар, автор гуш вацахь а, шен пох1мин к1оргаллийца ша уллохь хилар гайтаро синлазам алсамбоккхуш ду. Эминин дийцар-м дац кхин басарш совдаьлла, ур-аттал шен накъостийн юьхь-сибаташна т1е тидам бахийтина а. Амма говзачу суртдиллархочо санна ши-кхо басархьакхаран кепехь кхоссар а дой автора кхоччушдолу сурт-м дуьллу шен турпалхойн. Масала, Шемалан дешнаша «…Хьажахь, хьажахь хьуьлла йог1учуьнга! Цхьа сай бу-кха, сай!…» ца дуьйцу мел куц-кеп долуш хаза йо1 ю Саида. Коьрта тидам т1ебохуьйтург духар а дац, амма вайн б1аьргашна хьалха хазчу куьцехь дуьззина сурт-м х1утту оцу йоь1ан. Йоь1ан духарх лаьцна доцца аьлла долу «…б1аьстенан басаршца йог1у къорза коч…» а ца хетало оцу кучан сурт кхолларан дуьхьа аьлла, амма – б1аьстенан хазалла гайта, б1аьстенан зама гайта аьлла хетало. Т1къа коьртаниг йоь1ан куьцехь дерг: «…суна хета а хийтира и сайнах тера, цхьана курачу сайнах, парг1ато евзаш а, и лоруш а болчу…» Мел дукха басаршца къагош дийцича а алалур дацара иштта к1оргера чулацам болуш оцу йо1ах дош. «Парг1ато еза сай» йоь1ан, къоначу адаман дахаран юьхь, мел сирла дахар хьоьху дешархочун синкхетамехь ишттачу турпалхочун васто. Б1аьсте, къоналла, «парг1ато еза сай» – мел лекхарчу, сирлачу т1ег1анашкара хаза д1адолало дахар. Х1аъ, дахар даима а долало хаза, сирла – серлонна, хазаллийна кхоьллина а ду дахар! Адаман ойланаш, догдаг1арш а хуьлу даима а хазаллехьа г1ерташ, амма адаман ницкъаш а, комаьршаллаш а цхьатерра ца хуьлу. Адам дукха чолхе кхоьллина ду, дукха комаьршаллонаш цуьнца елахь а, цхьадолу адам дахаран 1аьржачу аг1онашкахь тиллой дуьсу, хьуьнаюккъехь тилделларг санна, адам ша хьуьнюккъара арадолу моьттуш кхин а к1орге чутуьлу. Мел чолхе ду дахар, ткъа и дахар довза, оцу дахарах лаьцна дош ала мел чолхе хьекъал оьшу. Эрна олуш дац: «дийцар – уггаре а халачу литературни жанрех цхьаъ ду». Йоккхачу романан т1ехь-м дийнна адамийн дахарах лаьцна яздан шортта таронаш ю, ткъа доццачу дийцаран аг1онашкахь чолхечех цхьаъ адаман дахар гайта ондда пох1ма долуш стаг хила веза. Эльбрусан аьтто баьлла, бу бохуш болчу вайн яздархойн дийцаршна т1ера масала далийча а, цаьрца дуьстича а, шен дийцарехь к1орггера турпалхойн васташ кхолла а, дахаран юккъера цхьаъ чолхе кхоллам гайта а.

Дийцаран юьхьанца дуьйна автора вай цхьана кхераман а, хиндолучун а йийсарехь латтош санна хета, къаьсттина дийцаран юьххьехь вайна Саида евзинчул т1аьхьа. Х1унда ду вай авторан «йийсарехь»? Х1унда аьлча, шен дийцаран ц1е а говза тиллина автора: «Гуорабожийна сай», дикка тидам бича, гуорабоьжна а бац сай – «гуорабожийна». Хьа? Сте? Дахаро? Мостаг1чо? Мел дукха хаттарш кхуллуьйту оцу дийцаран ц1аро а! Интрига ц1еран т1ера д1айолалуш ю дийцарехь. Хетало дийцарехь вайна хьалха х1уьттун долу суьрташ 1аламат тамашена, я инзаре хир ду, амма автора вайна гойту сурт дахарехь хила тарлуш а, хуьлуш долчех мог1арера хиламийн сурт ду. Делахь а Эльбрусан дийцаран турпалхой а бу, массо а адам санна ша тайпа шайн амалаш йолуш, оцу амалийн бесарийн башхаллашца мехалла а бу уьш дешархошна. Соьга хаьттича, коьрта турпалхоша санна шен дуьненан кхоллам лохуш, дуьненчохь санна дийцаран аг1онашна т1ехь шен меттиг д1алоцуш ву ша автор а. Аса лакхахь ма-аллара, автор ву наггахь 1индаг1 санна дийцаран аг1онашна т1ехь хаалуш а, наггахь коьртачу турпалхочун Эминан вастаца, амалца д1ауьйш а схьавог1уш. Делахь а билгала дериг ду, автор Эминан вастах шавериг а д1аийна ца хилар. Дийцаран мог1аршлахь шена лерина меттиг хилийта дуй а ца хаьа, автора Эминан васт мелла а эшош кхоллар. Сурт доккхуш санна, геннара шен турпалхой Саидий, Шемаллий гайта безначу киртигехь, меттехь шена хьалха тотту автора Эмин, цо шена автора т1едиллина и декхар кхиамца кхочуш а до. Амма синлозамо, къинхетамо дог 1овжочу меттехь Эминан уллохь делахь а, цуьнца ийна делахь а, г1улч хьалха хилла а цунна хьалха хуьлий а автора шен дог 1овжадо шена дукха безаш болчу турпалхойн къинна шен дог лозадо. Билгал долуш ду Эминан безамаш, къинхетамаш цхьана Саидийца бен доьзна доцург, амма авторан синлазам хьаьрча Саидех санна Шемалан декъазчу дахаран хиламех а. Кхин цхьаъ а ду, Эмин Шемалца жима волуш дуьйна цхьана хьалакхиъна велахь а, юьртахо велахь а, кхин доттаг1алла цаьршимма лелош дацахь а, цо Саида ялорна цунна къинт1ера ца волу Эмин дахаран дохаллехь. Цуьнан бахьна а вайна дика гуш ду, Эмин ша а ву Саиде болу къайлаха безам шен дагчохь къуьйлуш, дешархойх цо и мел лечкъорах а гуш ду иза а «…б1аьрзе ца хилар…» къона Саида ца гуш, аьлча а, къайла-къулаха ца езаш и ца хилар а. Т1аьхьа дахаран халонийн хиламаша а, ша шен бен ца гуш, ша бен дуьненахь кхин х1ума ца дезаш хиларна а оьшуш, дахарна к1елавуьсуш схьавог1уш велахь а, къаьсттина къона волчу хенахь Шемал Эминал онда ву амалашца. Цунна тешалла ду, масала, Шемалас мало а ца еш «йо1 йовза шена некъ а лохий» шена хазахетта йолу йо1 Саида ялайо. Саидина а, Шемална а, ур-аттала ша-шена а гучубаккха ца ваьхьа Эмин шен йо1е болу къайлаха безам. Дийцаран дешархошна а схьакъийдабо цо и Саидех лозуш долу са санна, къинхетам санна. Оцу масалана т1ехь а гойту Эминас шен ледара, мела аг1о.

Коьртачу турпалхойн вовшашна юккъехь йолчу уьйрашна т1ехь хилла ца 1аш кхин цхьа аг1о а ю Эминас шен ледара гойтуш. Ала деза, Минкаилов Эльбрусас Эминан вастаца гойтуш ериг нохчийн интеллигенции хилар а, х1инцалерачу заманахь оцу интеллигенцино шегара ялийтина ледарлонаш гойтуш хилар а. Вайна дика дагадог1у, иттех шо хьалха вайн къомана т1ех1иттина хилла къиза хиламаш. Интелигенцино оцу хиламашкахь шегара гайтина хьуьнарш а, нийса хир ду, ца гайтина хьуьнарш аьлча. Суна хетарехь, Минкаилов Эльбрусан дийцаран т1ехь коьрта меттиг д1алоцурш а, коьрта ерш а нохчийн къомана т1ех1иттина халонаш, къизалонаш а ю. Дийцар литературан жанр жимачех ларалуш делахь а, авторан дика аьтто баьллачех коьртаниг а ду, йоцачу литературан произведенехь къоман а, пачхьалкхана а ницкъа хуьлуш, дерриг дуьненан а бала кхочуш хилла болу баккхийн хиламаш гайтар. Ткъа шина-кхаа турпалхойн васташ бен ца гойтуш, ца кхуллуш ишттачу барамехь литературни а, дахаран а к1оргалла гайта яздархочунна к1езига девзаш хилан ца деза дахар а, цуьнан алсама хилан деза пох1малла а.

Дийцаран юьхьенгахь, дуьххьара вайна Шемал вевзачу хенахь, и жима стаг цхьабосса, адамийн юкъараллехь хилан еза аьлла юкъарлаьцначех тера, амалаш йолуш вац, Эмине хаьттича-м х1етте а. Эминас мелла а сийсаз яхь а, Шемалас ша мел бен-башхалла ца хеташ ша гайтахь а шен амалаш, дешархочун кхин дог доккхуш, дог дохош, билгалла вон ю аьлла амалаш а яц оцу жимчу стеган, хан-замане хьаьжича. Эмин санна тай тоьхча санна нийса и лелаш вацахь а, дешархочо шех дог оьцуш, дешархо шегахьа д1аийзош ю Шемалан амалаш. Эмин институте деша воьду атта экзаменаш д1а а лой, Шемалан и аьтту ца хуьлу, делахь а Шемалас шена юьхьара лаьцна йолу 1алашо кхочушйо заочно деша а воьдий. Шена хазъеллачу йо1е геннара хьоьжуш ца 1а и, масала, Эмин санна къайла-къулах хьоьшуш, цо-м и т1ехьа а волий, йоь1ан ойла шегахьа а ерзайой и ялайо, шайн х1усам а кхуллу. Аьлла хета, нагахь санна Советан 1едал ца духуш, машарен зама кхин а д1а яханехь, Шемал кхин нах санна г1ийла шена а шен х1усаман а дуьхьа вехар вара аьлла. Берашна «берийн бешахь» меттиг а хир яра, Шемална а, Саидийна а бан болх а хир бара, цхьана х1уманах кхеран а ца дезара, шина вонах цхьаъ «дика во» харжа а дезара дацара. Мел к1еззиг а хийцамаш буьйлалуш, халонаш т1ех1уьттучу заманчохь Шемал милицин капитан ма хуьлу, иза Советан 1едал долчу хенахь к1езига дарж лоруш ма дацара. Вай къайла дахийта хьаьвсича а Эминас дуьжийтур дац Шемал маларца эвхьаза ваьлла хилар жима стаг волуш дуьйна, цо адмна мел дохьуш долчу вонах Шемал к1елхьара ваьлла ца хилар а. Делахь а Шемалас санна къаьркъа малар советан 1едал долчу хенахь, бакъ дериг аьлча вайн заманчохь а, къаьсттина Россин юкъараллин дахарехь кхин доккха къа лоруш а дацара. Молуш болучаьрга хьаьжича Шемал масмалик хилан а тарлуш хьал дара, делахь а уггар а вончарех цхьаъ амал-м ю иза, оцу т1ехь вайн ойланаш Эминан ойланашца цхьана йог1уш а ю. Делахь а, Шемалан мел делахь а, даржах х1ума а ду, шен х1усам а ю, къизаллех сийсаш йолу зама т1е ца кхаьчнехьара Шемалан доьзална а, дерриг а вайн къомана а. Халчу замано даима а адмана ч1ог1алла туьйсу, к1еданиг, ледарниг дакъаза а воккху оцу сохьта. Советан замано кечвеш вацара стаг халонаш лан, харцонашца къийса а, оцу къийсамехь толамаш баха а, лай хилан 1амавора. Берзан амалаш йолчу капитализмах-м вайн нехан х1инца а бац кхин баккхийн кхетамаш, кхечу къаьмнашка, Россин регионашка хьаьжича вайн къам х1инца а ша Советан заманахь дехаш ду тарделла 1аш ду. Ткъа Советан пачхьалкх йоьхна д1аяьлча, советски «теплицан» хьелашкахь 1емина долу вайн къам цхьана маь11ера вукху маь11е кхоссалуш тохаделира. Хуьлуш долчух билгал кхеташ к1езига адамаш дара, шаьш х1ун дан деза хуурш кхин а к1езига бара. Къомана хьалха бевллачара а, къоман мостаг1аша а бен шайна пайда оьцуш стаг а вацара оцу хьелашкахь. Дийцаран аг1онашна т1ехь гойтуш йолчу масех митингаша а, цкъа цхьанна т1ехьадовлуш, т1аккха вукхарна т1ехьа х1уьттуш лелачу б1аьрзечу адамаша а гойту мел кийча дац адам ишттачу хиламашна дуьхьала латта, къийса а, шайна оьшуш йолчу меттиге д1аг1орта а, цига кхача-м х1етте а. Масанаш адамаш дакъаза дехира оцу чолхечу хьелаша, масанаш х1аллак а бира, царех цхьаъ Шемал а, цуьнца цхьана Саида а, церан х1усам а. Ишттачу хийцамашна кийча вацара Шемал, цуьнца цхьана дерриг а къам а ца хиллера ишттачу хийцамашца къийса, толам баккха, толам баьккхича а, цунах нийса пайда эца а. Кийча ца хилира Эмин а, цуьнца цхьана вайнехан шайолу интеллигенции а. Эмин Шемал санна дакъаза цаваларан бахьана дахаран хийцамашца и ларавалар дацара, амма и а, вайн интеллигенции а юьстаха латтар дара, къийсамана йистехьа латтар! Интеллигенци къоман нийсонехьа болчу къийсамехь хьалхарчу мог1анашкахь хила езар-кха аьлла хета, къоман уггар а хьекъален долу дакъа ма ду и. Шемал-м г1оьртира къовсамна улло, харцоно и сихонца мерцира, т1аккха вага а вина чим бира цунах. Эмин Шемалах кхаьрдаш санна хетало, цунна атта ду аьлла а хета, геннара хьожуш латта, бакъверг а воцург а билгалваккха, эшнарг бехкеван а, воьжначунна т1е п1елг хьажон а. Оцу хенахьлера интеллигенци ян а яра шен къоман хиламийн «…лаамза хилла теш…», я къомана хьалха яьлла нийса некъ гайта а де доцуш, я къовсаман байракх буйна эцан а стогалла доцуш. Генара кхечу пачхьалкхашкара, уллора вайн пачхьалкхан кхечу регионашкара х1ун хуьлу хьовсар дар-кх цара хаьржинарг «…теш хилар…». «Оппозици» сардамийн дош долчу хенахь, кхин къийсам латтон де долуш ца хилира Шемал а. Мухха делахь а, оццу оппозиционераша толам баккхалца и ваьхнехьара цхьа дарж а кхача мегара цуьнга, хьалха советан 1едал долуш санна наха а лоруш стаг а хилла д1авахан а тарлора иза. Саида а дийна йисан тарлора, хенан къизалло «гуора ца йожош». Амма хенан хиламан кхел кхочушхилира оьздачу мискана Саидин а, заманан къизалло хьекъалах талхавал к1еда хиллачу Шемалан а, шех х1ара ду аьлла цхьа а пайданехьа х1ума ца даьллачу Эминин а дахарехь.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на ЛитРес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

Вы ознакомились с фрагментом книги.

Для бесплатного чтения открыта только часть текста.

Приобретайте полный текст книги у нашего партнера:

Полная версия книги