Iелина дагадеара 1865-чу шеран бIаьста, салтийн ха улло а хIоттийна, кхелхачеран хьалхара тоба туркойн дозанашка йигар. ТIаьхьа тIекхелхарш Хонкара дIакхаьчча, Муш, Эрзерум, Эрзинган шахьаршна гонаха пхи эзар нохчийн доьзал гулбелира. Цигахь йалх бутт хан текхира цара. КIелхIитта тхов а боцуш, йерзинчу стигала кIел. Мацалло гIелбинера мухIажарш, тайп-тайпанчу цамгарша хIора дийнахь бIе, ши бIе стаг дIахьора. Мацалла бIарзбелла нах талораш дан шозза Муш шахьарна тIелетира. Шаьш Iехийнийла хиъначу нохчаша даймахка цIа берза сацам бира. Шаьш даймахка цIа берзийтар доьхуш, Кавказан сардале кехат йаздира цара. Сардало и дехар йухатоьхча, туркойн а, оьрсийн а Iедалийн бертаза даймахка цIа берза новкъа бевлира уьш. Iелина хьалха хIоьттира хIетахь туркойн-оьрсийн дозане кхаьчначу ши эзар йалх бIе нохчочун сурт. Зударий, бераш, къенанаш. Чохь синош ду аьлча, стаг хала тешар волуш, беснаш мажделла, даьIахкаш тIе а йевлла, адамаш аьлча а, адамийн чархаш. Шаьш Россин дозане кхачар а, цигахь, туркойн эскарша шайна тIе йаккхий тоьпаш йетташ, хIоьттина сурт а. Оцу дийнахь туркойн эпсаро тапча тоьхна вийра Iелин цхьаъ бен воцу ваша Аьрзу…
3
Шен ойланашца хьалха дIадахана шовзткъа шо листина, хIинца йуха а тховсалерчу буьйсанга вирзинчу Iелин бIаьргех мела хи хьаьдира, легашка шад хIоьттира. Аьрзу вийна де дара цуьнан дахарехь уггар доьхна де. Дагабаьхкира кхузахь тIаьххьара сахьт тIехIотталц шеца даймехкан маршонехьа къийсина, Хонкарахь шеца йерриг а халонаш лайна бIаьхаллин накъостий: самукъане, амма дарвелча лоьмах тарло Мовла а, гIийла-миска, амма майра, тешаме МIаьчиг а, даим буьрса, амма догдика Къосам а, мискачеран молла, хьекъале, оьзда, майра, доьналле Маккхал а. Мел дукха бара уьш, хIокху декъазчу Нохчийчоьнан майра, тешаме кIентий.
ХIун хилла-те шух? Генарчу даймахке кхойкхуш, хийрачу Хонкарахь мацалла делла-те шу, йа, хIетахь санна, дай баьхначу лаьтте, лаьмнашка, шайн халкъе сатуьйсуш лела-те шу цигахь?
Амма дуккха а халонаш эшош, новкъахь лечкъаш, цIа вирзинчу Iелин а ца хилира шен доьзалца маьрша, машаре ваха аьтто. Иза цIа веана шо а кхачале, керлачу гIаттамна кечам болийра Нохчмахкахь. Къонахчун декхаро, вешин весето бакъо ца лора цунна къийсамна йуьстах латта. ГIаттам кечбечу тхьамданех уггар жигарчарех цхьаъ вара Iела. Амма царна йукъа тарвеллачу цхьана йамартхочо уьш, къайлах Iедале дIа а белла, лецийтира. Итт шо хан а тоьхна, Сибрех хьажийра Iела.
И цхьаъ вацара цига хьажийнарг. Уьш масех бIе вара. Кхин а цкъа хадийра Нохчийчоь шен уггаре тешамечу, майрачу кIентех. Мацаллин гIело хьоьгуш, Iазапехь дуьсучу шен халкъан а, кертахь цкъа хьакхо йалтин чим а боцуш, шина кIантаца йуьсучу Айзин а ойла йеш, болатан шийлачу буржалша когаш, куьйгаш къуьйлуш, генарчу Сибрех вахара Iела.
Ткъе кхаа шарахь шен ненан маттахь адам дистхуьлу ца хезира цунна. ХIинца къанвелла, къежвелла, дегIера ницкъ а эшна кхечи иза ша дукха сатийсинчу винчу йуьрта. Каторгин халонаш ца лайна, мацалло а, цамгарша а эгийна, веллера цуьнца цигахь хилла масех нохчо. Уьш лаьтте дIа а берзийна, ша цхьа висча, Деле хийлазза шена Iожалла йийхира Iелас. Амма Дала Iожалла ца лора цунна. Ца велла йалхитта шарахь тIеман цIергахь а, Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шарахь Сибрен жоьжахатехь а.
Ненан кийрара ваьллачу минотехь дуьйна, хIокху кхузткъе кхойтта шарахь цхьа а ирсе де ца хилла цуьнан. ХIинца дуьненахь цо йаккха йисинчу кIеззигчу ханна ирсе ван валийна-те иза Дала хIокху винчу йуьрта, йа и хьалха цо лайна халонаш а, баланаш а бицбеш, кхин а баккхий баланаш лан валийна-те?
Ойланаша дIалаьцца Iела кхузахь хиъна Iаш дикка хан йаьллера. ХIинцца хааделира цунна ша шелвалар. ДегIан лахе, шелъелла, лехнера. Можана тIехула охьа некха тIе Iенначу бIаьрхих а ша бинера. «Кхузахь кхин а жимма висахь, со-м гIорор ма ву, – дагадеара цунна. – Амма со мича ваха веза?»
Гонаха бIаьргтоьхча, цунна гира бешан цхьана мaьIIехь гIийла йогу чиркхан серло. Мила ву-те оцу хIусамехь вехарг? Милла велахь а, цунна вевзарг хир вац иза. Цуьнан хенара нах кIезиг хир бу дийна. Дийна висинарг а Iелина вевзий а, ца хаьа. Амма миччахьа а, цхьанхьа вахана, йовхачу хIусамехь буьйса йаккха йезара. Ткъа уггар хьалха цунна хаа луург Айзех а, шина кIантах а хилларг ду. И кхо адам, вина йурт, даймохк – валале цкъа цаьрга бIаьрг тоха сатийсаро цIа валийнера къена Iела. КхидIа хIуъа хилахь а, хIинца иза даймахкахь, винчу йуьртахь ву…
4
Дахаран халонаша а, Iедалан харцонаша а, адамийн йамартлонаша а ларвала Iамийнера Iела. Цкъа хьалха йуьртара хьал муха ду, адамийн гIиллакхаш а, амалш а муха йу, дIадаханчу ткъе берхIитта шарахь кхузахь хIун хийцамаш хилла ца хиъча, ша вовзийта а ца лаьара цунна. ХIара бакъонца Сибрехара цIа веънехь а, кхузарчу Iедална хIун эхь ду, цхьа бахьана тIе а кхоьллина, цига йуха дIахьажо а. «Цкъа хьалха, сайн доьзал дийна бу-бац, хьожур ву со. Нагахь уьш дийна белахь, тIаккха со вовзуьйтур ву ас, бацахь… Дала дайттинарг дийр ду-кх. Цул даккхий вонаш а лайна ас, иза а ловр ду…», – сацам бира цо.
Тхьузйоьлла настарш меттайало гIерташ, меллаша цхьацца-шишша ког боккхуш, сецаш, серло гучу керта воьдуш, цо ойла йора, оцу хIусаман дайшка ша хIyн ала-те бохуш. Цунна дагавеара тIом чекхбаьллачул тIаьхьа шен гергарло тасаделла Оьрза-ГIалара Андри цIе йолу цхьа гIалагIазкхи. Керла бахам вовшахтухуш шений, Айзиний цхьацца оьшург эца ахча а, йа ахчанна дохка йалта а, бежана а ца хилла, шен а, Чорин а сту а боьжна, дечиган кIорий, хьаннашкара лахьийна акха стоьмашший бохка дагахь ворданахь Оьрза-ГIала вахча вевзинера цунна и гIалгIазкхи. Андрин ков-керт, эчиган пхьалгIа а йара, оцу пхьалгIахь шортта кIора а бара. Муха ца хуьлура, церан йуьртана гена йоццуш йоккха хьун хилча. Амма Iела мича дезаро араваьккхина кхуза веана хиъначу Андрис, цуьнан ворданара кIора пхьалгIи чу охьа а боьхкина, цунна дуьхьал масех бел а, цел а, марс-мангал а, бахамехь оьшу кхин цхьацца хIуманаш а йелла, цIа хьажийра Iела а, Айза а. ХIетахь тасаделла хьошалла лаьттира царна йуккъехь Iела Сибрех вахийтталц. Андрис, Гати-Юьрта а вогIий, кхузарчу нахана мехах цхьацца эчиган гIирсаш бора. Иштта веана Iела волчохь ши бутт сов хан йаьккхира цо, xIapa Хонкарара цIa веача а.
«Ас ца вовзийтахь, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. Оьрсийн мотт а суна дика хаьа. Хьо мила ву аьлла, сайга хаьттинчуьнга, Андри ву, эр ду ас», – шена маслаIат дира цо.
Кертара схьа жIаьла хьадарна кхоьруш, кетIара ринжа деллале шозза-кхузза йовхарш туьйхира цо. Амма мeттаxъхьовш хезаш хIума дацара. ХIетте а кертахь цхьанхьа жIаьла хирг хиларх тешаш, ларлуш, гонаха а хьоьжуш, тхов тIе латта тесначу кегийчу цIенойн уча а ваьлла, меллаша кор туьйхира Iелас. ЦIа чохь цхьаъ меттахъхьайра. ТIаккха неIаре догIуш берзинчу когийн тата а хезира. Дукха хан йалале, неI йиллина, тIекхоьллина чоа а, кога туьйдина неIармачаш а йолуш, уча велира хIусамда.
– Буьйса дика хуьлда хьан, хIусамда! – маршалла хаьттира Iелас оьрсийн маттахь.
ХIусамдас, халла оьрсийн дешнаш а лахьийна, жоп делира.
– Бехк ма биллалахь, буьйсанна хан йоцчу хенахь хьо гIатторна. Хан йоцчу хенахь кхаьчна cо a хIокху йуьрта. Арахь буьйса йаккха а шийла йу. Ахь пурба лахь, тховса хьан xIycaмexь буьйса йоккхур йара ас, – бехкала вахара Iела, цунна оьрсийн мотт гуттар а ледара хаарх кхетта, ша эриг ма хуьллу къостуьйтуш ала гIерташ.
– Хьаша хIусаме витар а, буьйса йаккхийтар а xIycaмдайшка хоьттуш ца хуьлу. Чу а волий, хьайн хIусамехь санна, пapгIатвала, – аьлла, неI йиллина, куьг хьалха тесира хIусамдас.
Цо куьг хьалха дIатосуш, беллабеллачу чоин тIома йуккъехула Iелин бIаьрг кхийтира цуьнан хечин борчах йоллучу тапчех.
Iела цIа чу велира. TIеxь шиша а доцуш, чуоьзна гIийла богучу чиркхо халла серло лучу хIокху цIа чохь поппаран маьнги тIехь набкхетта Iуьллура диъ бер. ХIетта гIеттина хIусамнана, набаро дохийнчу шен дегIан меженаш а сеттош, шуьйрра бага гIатторца наб дIа а къахкийна, новкъара хIуманаш дIасалиста йолайелира.
Дукха хан йара Iелина xIycaмexь иштта доьзал ганза. Маьрша дийшина Iохкучу оцу берашна тIе а вахана, уьш сама а даьхна, хьаста хьаьгнера иза. ХIокху йовхачу хIусамо а, нохчийн кхерчан цхьа шатайпа дагна там бечу, кийра бузочу хьожано а, набарш кхетта Iохкучу оцу кегийчу бераша а, дукха хан йоццуш шен кхайкхамашца цо йехна Iожалла йицйина, цуьнан даг чохь дахаре безам а, лаам а кхоьллира.
– Же, ма Iелахь, зуда! – зудчунна тIевирзира xIycaмда. – Вайн хIусаме воьссинарг хийра хьаша ву. Кхечу къомах стаг. Оьрси. Уггар хьалха йуучунна там белахь цунна. Ткъа хьо, хьаша, хьайна тIepa кетар а, когара мачаш а дIа а йахий, паргIатвала, – аьлла, тIетуьйхира цо, Iелигахьа а вирзина.
Баттахь сов генара бинчу некъо дегI, тIехулара а, чухулара а йерриг бедарш бехйина Iела воьхна хьаьвзира, кетар а, валенкаш а дIайаха дезча. Амма иза уьш дIайаха волаваларе а ца хьоьжуш, тIевеанчу хIусамдас цуьнан когара валенкаш, озийна, схьайехира. Шен гира тIоьрмиг схьа а баьстина, тIера кетар дIа а йаьккхина, уьш шена улло цIенкъа охьайехкира Iелас.
XIapa шиъ и болх беш воллушехь, хIусамнанас йовхачу шурех буьзна боккха кхийра кад а, стомма йеттинчу сискалан йуьхкаш а чохь йолуш шун хIоттийра Iелина хьалха маьнги тIе.
– Бовха кхача кечбан хан йац xIapa, тховса цкъа кхунах кхачо а йина ца Iийча вер вац хьо, алахьа цуьнга, – дийхира зудчо шен хIусамдега.
Цаьршиннан къамелах ша ца кхетачуха, вист ца хуьлуш Iapa Iела.
– Хьаша, хьуна сихха охьавижина, садаIа ца лаахь, вай кхин бовха кхача а кечбийр бу, цкъачунна и хьайна хьалха йиллинчух кхалла хьажахьа, – элира хIусамдас.
– Баркалла шуна, бераш. Дала дукха дахадойла шу, Дала беркат ма эшадойла хIокху шун хIycaмepa. Аш суна xIapa кхача ца белча а, хIокху йовхачу хIусамехь, дIога дуьххехь, цхьана сонехь дIатевжина, буьйса йаккха меттиг хилчахьана а, тоьур ма дара суна-м.
Оцу дийнахь Iуьйранна цкъа-шозза йакъайелла баьпкан йуьхк кхалларх, кхин кийра рицкъа дахаза волу Iела, сискал кегийра шури чу а кагйина, меллаша йаа вуьйлира. Ша хийла сатийсина и сискал йоккха кхоллуш, чам боккхуш, марзо а оьцуш йаа цергаш а, кхелаш а хуьлуьйтург дуккха а мах лур бара цо. Амма уьш йацара. Йиъ йоцург, каторгехь цинга цамгаро йерриг а охьаэгийнера уьш.
– XIapa хIун муьжги ву? – хаьттира зудчо майрачуьнга.
– Хьанна хаьа иза.
– Амма милла велахь а, Iаламат маьттаза муьжги ву-кх. Доккха xIyмa ду-кх, иза тIе а вижийтина, цуьнга мотт-гIайба бехйайтар, – корта хьовзийра зудчо, хьешан йахйеллачу можей, кIужалш хилла хьийзинчу коьртан йехачу месашкий, силамаша а, модаша а йуьзначу бедаршкий хьаьжна.
– И хIун ду ахь дуьйцург? – човхийра иза вукхо. – Эхь ца хетий хьуна и ала? Хьо санна, Дала кхоьллина адам дац иза?
– Ас-м иза, корта а, маж а йаьлла, беркъа волу дела бохура, – йоьхна жоп а делла, дIатийра зуда.
– Хьанна хаьа, вайна тIе хIун догIур а. Деэшначу, гIаддайнчу стагах кхарда ца веза, дог лаза деза. Ша кхаьрдинарг шена тIедогIу.
Церан къамеле ла а доьгIуш, кедара шура лаххьийна дIа а мелла, шуьна тIера йухахилира Iела. ХIетталц шуьне бIаьрг тоха дага ца догIуш Iийна хIусамнана, кхин а тIе шура йотта дагахь, пеша тIера кхаба схьа а эцна, тIехьаьдира.
– Баркалла, кхин ца оьшу, – дуьхьал куьг лецира баккъал а вуьзначу Iелас. – Дела реза хуьлда. Дала беркат ма эшадойла хIокху шун хIycaмepa.
Хьаша вуьзна, паргIатваьллачул тIаьхьа цуьнга гIуллакх-болх хаьттира хIусамдас.
– ХIинца, нагахь цхьа йоккха къайле йацахь, хьо мила ву, мичара ву, мича гIуллакхо валийна хьо хIокху тхан йуьрта дийцахьа, хьаша. Хьанна хаьа, ахь айъина лелочу гIуллакхана гIо дан сан ницкъ кхочур бацара-те?
– Со Червлени станицера ву. Оьрза-гIалара.
– ЦIe хIун йу хьан?
– Андри.
– Андри… Андри… Мацах цкъа и цIе йохуш сайна хезча санна хета-кх суна, – ша шега вистхилира xIycaмда. – Ткъа лаа веаний хьо Нохчмахка?
– Къелло, эшамаша валийна. Доьзал хене баккха, жимма йолах болх бан араваьлла лела.
– Доьзал дукха буй хьан?
– Диъ бер… КIентан диъ бер. ТIамехь вийна церан да.
– Муьлхачу тIамехь?
– Японица болчу хIокху тIамехь. Дукха хан а йац иза вийна.
– ХIаъа, муьлххачу а тIамо баланаш, бохамаш бохьу адамашна. Тхан эвлара а кхо стаг вахана оцу тIаме. Цхьаъ, пхьарс баьккхина, дукха хан йоццуш цIа веана. Вукху шиннах хабар дац. ХIун болх бийр бара ахь?
– ЦIенош дотта а, дечиган пхьола дан а хаьа суна. Мах белчахьана, муьлхха а болх бен бац суна.
Шаьшшиннан хилла къамел майрачо шега дийцича, хIусамненан йуьхь йекхайелира.
– Делахьа, ма дика ду-кх xIapa вайга нисвелла! Кхана вайн божалара кхелли цуьнга беша тосуьйтур йу вай…
– Цунна дала ахча дуй хьан?
– Вайгахь буьйса йаьккхича, маьхза и гIуллакх дан а ца мега цо?
– Ванах, ма тамашийна адам ду-кх хьо, зуда, – корта хьовзийра майрачо. – Массара а, хьекъале, къинхетаме, оьзда зуда йу олу хьуна, ткъа цкъацкъа хьайгара лартIахь доцург долуьйту ахь. Оьрси, жуьгти, милла велахь а, хьаша ма ву вайн хIусамехь сецнарг. Нохчийн гIиллакхехь иза лера ма веза вай. Цо кху чохь буьйса йаьккхинера, сискал йиънера аьлла, цуьнга маьхза болх байта йоллура хьо? Иза дагадар а эхь ма ду. Варийлахь, со цIахь волуш а, воцуш а оцу гIалагIазкхичунна хамталла ма йелахь, мегар дац хьуна. Йа хIокху йуьртахь болх а ца карийна, дIагIур ву, йуьртахь болх карабахь, и болх болчаьргахь Iийр ву. Сатоха, собаре хила. Вайгахь висахь, шена лаахь, кертахь суна гIo дийр ду цо, ца лаахь, вижина Iийр ву. Цул и хьайна хир доцург а ца хьехош, хьаша охьавижо гIайгIa бе. Пекъар, кIадвелла хир ву иза.
– Мича вижаве ас иза?
– Хаац. Хьешан цIа чохь, тIай кIелахь санна, шийла йу. Бераш цIенкъа а дахкий, маьнги тIе мотт биллахьа цунна.
Iелас хIyммa а бехк ца буьллура хIокху хIусамнанна, цунна ша жерга хетарх. Iелина шена а хетара ша жерга. Корта а, маж-мекх а даьлла, баккъал а къеначу муьжгичух тарвеллера иза. ТIера бедарш хийцаза, цIандаза долу дeгI кIамлора, меза бинера. Шен дeгIax цунна шена а муьста а, кIон а тайп-тайпана ийна, цхьа вон хьожа йогIура. Кхузахь кхана суьйренга валахь, нагахь аьтто нислахь, шен дeгI цIандина, корта а, маж-мекх а цIандина хIума ца дахь, хIокху куьцехь кху хIусамехь буьйсанаш йахар хьехочохь а дацара.
И шиъ дан гIертарг хиъна Iела, цара дуьйцучух ца кхеттачуха, вистхилира:
– ХIинца, аш пурба лахь, охьавижина, садоIур ду ас. ХIоккхуза неIарехь, цIенкъа таса тишо истанг-черт хир йарий-те?
– Хьо дIога вуьжур ву, – берашна тIе пIелг хьажийра хIусамдас. – Цигара бераш цIенкъа а даьхна, хьуна цига мотт буьллур бу зудчо.
– ХIан-хIа, со кхуза, цIенкъа, вуьжур ву. Бераш самадаха, меттахъхьедан пурба дац шуна!
– Со ву хIокху хIусаман да. Хьо сан хьаша ву, ас аьлларг дан дезаш!
– Шун къоман гIиллакхаш суна дика девза, жима стаг. Хьешан лаам хIусамдена закон ду. Аш и бераш самадахахь, со лулахошка гIуp ву.
– Сан хьешо, цIенкъа а вижина, буьйса йаккхар нахана хиъча, муха хир ду? Суна эхь дан гIерта хьо? Цуьнан ойла йиний ахь?
– Цхьанна а хуур дац, вай ца дийцичхьана. Буьйса йукъал тIехъйаьлла. Суна ца лаьа бераш набарха даха. Ас вуьшта а сайх бала бина шуна. TIe, сан дегI а, бедарш а боьха йу. Кхана сарахь, со кхузахь висахь, дeгI цIандина, чухулара бедарш а хийцина, тIаккха ахь бохург дийр ду ас. Ткъа тховса ас бохург дехьа, диканиг.
Мел шега дехарш дарх, хьаша шен сацамна тIера а ца ваьлла, къарвелира хIусамда. Дехьа чу йаханчу зудчо чах йуьзна тиша гоьй, кенан гIайбий, боьзан йургIий деара. Цо биллинчу метта а ваьлла, охьавижначу Iелина там хилира, ша месийн назбаршла охьавижча санна. ХIусамдай охьабийшаре ца хьаьжира цуьнан кIадделла къена дeгI.
Ах сахьт а далале хьешана чIогIа наб кхийтира…
V корта. КЕРЛА АДАМАШ, ШИРА АМАЛШ
Хьуна тIехь yгIyp йу
Къанъелла меца борз,
Хьоьха дог лозур ду
Iаьржачу хьаргIанан…
Халкъан илли
1
Iуьйранна хьалххе самавелира Iела. Малхбалехьара схьагIерта де хIетта гучудала гIертара хил дехьарчу peгIa тIехула. Тайп-тайпанчу аьзнашца кхойкхура лулахойн нIаьнеш. Хезара гена доццуш дегаза летачу къеначу жIаьлин йишхаьлла гIoвгIa а.
ЦIийнан доьзал набарха балаза бара. Берех цхьаъ гIенах, цхьанна оьгIаздахана, луьйра. Оцу буса хьаша а веана, мотт гатбелла, ца тарлучу цара йургIа къуьйсуш, наггахь вовшийн човхабора, дIасатоьттура, йуха а тапъолий дIатуьйра.
Самадолучу Iаламе ладегIахь а, Iелин ойланаш генахула хьийзара. Цунна хIинца а теша хала дара шен даймахкахь, ша винчу йуьртахь, маршонехь ву бохучух. Цо сатийсира хIара де тIекхачаре, ара а ваьлла, дуьнене бIаьрг тоха. ХIинца цунна гур йу ша вина, бераллехь левзина меттигаш. Цаьрга а хьоьжуш, цо дагалоьцур йу шен декъаза бералла, къаьхьа къоналла. Гур ду дайн кешнаш. Хьанна хаьа, шен Айза, Iумар, Iусман ган а мега. Цаьрга цкъа бIаьрг тоьхча, ша велча а шек ца волура иза.
Дагабаьхкира каторгера шен накъостий а. «ХIун деш хир бу-те суна сайн кIентийн метта хилла Петро, Кирилл, Датико, кхин иттаннаш накъостий? Схьахетарехь, уьш хьун хьокхучу дIакхачча бохкуш хир бу. Ткъа Николаз? Иза кхана кхочур ву шен йуьрта. Дала дукхавахавойла иза. Сибрехь, дуьненах а дог диллина, сецна Iаш волу со цIа валийнарг иза ма ву. Дала мукъалахь, цигахь бисина сан накъостий а арабевр бу оцу жоьжахатера. Уьш къона бу, царна тоьхна хенаш дукха йац. Хан чекхйаллалц Iийр буй, ца хаьа. Кхиберш санна, бовдур бу. Йуха а шайн цIа а бирзина, маршонехьа къуьйсур ду. Веза Дела, аьтто белахь церан, Iалашбелахь уьш! Хьекъале, майра, къона уьш хIаллакьхилар кхоам бу. Цара дош делла суна, шаьш маьршабевлча, сан хIусаме бахка. Нагахь санна Нохчийчохь керла гIаттам болалахь, масех бIешарахь шен маршонехьа къуьйсучу сан декъазчу къомана орцахбовла. Сан халкъана а, суна а хиллачу бохамашна бехкечарех бекхам эца, суна гIo дан…».
Iела шен ойланех йукъахваьккхира, хьала а гIеттина, товханехь цIе лато тохаеллачу хIусамнанас. Дукха хан йалале цIе кхерстира кхерча тиллинчу ножан дечигах. Iелина там беш, коьрте кхин ойланаш туьйсуш, лестара хIусамненан карахь цаца. ХьалагIеттина хIусамда, бедарш тIе а йуьйхина, гIуммагIа карахь, вист ца хуьлуш, аравелира. ХIинца хьалагIатта мегаш дара Iела а. Ша чохь вуйла хаарна кхоьруш санна, схьаэцна, шен миска барзакъ меллаша тIе а дуьйхина, кога валенкаш а оьзна, чуьра аравелира иза. Уггар хьалха кешнашка ваха дагадеара цунна. Ден а, ненан а, Лоьмин а кешнийн баьрзнаш тIе хIотта. Амма тахана цкъа цига гIойла дацара. ХIара «керста муьжги» шайн кешнашка хьийзар дезар дацара нахана.
Сийсара шена ши чурт гинчу гy тIе хьалавелира Iела. Цигара дIахьаьжча, кера йуккъехь санна, гуш йара йурт. Iела Сибрех вахале динчарех цхьа наггахь цIа дисинера. Шира дитташ а, къанделлий, хедийний, дIадевллера. Цхьадерш, генаш а хедийна, чIанадаьхнера. Къанделла, пайда ца лучу девллера шовзткъа шо хьалха Iелас дийгIина бIарийн синтарш а. Мацах цкъа цо шайн коре боьгIна Iаж а бакъабеллера. Беккъа цхьа малх бара, хьалха санна, схьакхеташ а, чубузуш а. Кхидерг дерриг а хийцаделлера.
Хийла сатийсинчул тIаьхьа, хIинца шозлагIа хьоьжура Iела даймехкан Iаламе. Амма Хонкарара цIа веача а, хIинца а цхьатера йацара дог-ойла. ХIетахь, мел къен-миска хиллехь а, цIахь къона Айза а, ши кIант а вара, къона хиларе терра, ша а дуьненах Iехалора, стеннах а самукъадолура, кхана-лама дахар тодаларе сатуьйсура, догдохура. Халчу дахаро теIош, хьоьшуш, ницкъ эшийна, къанвеллачу, мел ваьхча а, шина-кхаа шарахь бен вехар воцчу цуьнан кханенга сатуьйсийла а дIайаьллера хIинца. Доьзалх хилларг а ца хаьа. ДегIехь ницкъ бац. Къаналло гергаийзайо Iожалла. ХIинца цо сатуьйсург Iожалла йара. Амма цунна лаарх, иза хир йац, Дала тоьхна хан тIекхаччалц. Шен лаьтта тIехь ваха ца витинехь а, хан тIекхаччалц кхузахь ваха а, вала а, шен каш хила а лаьара цунна. Йуха а кхузара дIа а ваьккхина, нехан хийрачу махкахь шен каш хиларна а кхоьрура. ХIинца цунна кхин хIумма а ца оьшура, кхузахь цхьана тоьли чохь паргIат ша вала витичхьана, велча, иттех дол латта делчахьана.
PeгIa тIехула хьалаайабеллачу маьлхан шийлачу зIаьнаршна кIел, дети санна, лепара семсачу лайно дIахьулдина Iалам. Iелина уллохула тIех а буьйлуш, шовдан тIе оьхура Iуьйранна даьхни хи тIе далош а, хи эца а богIу зударий. Улло нисбелча, къаьрззий цуьнга хьовсура уьш. Наггахь зуда, ша тIехйаьлча а, йухахьоьжуш хуьлура. Эрна дуйла хуъушехь, Iела а хьоьжура баккхийчаьрга, йевзарг гape дог дохуш.
Пхьаьрсех тийсина гIели диллина цIеста кIудалш а йолуш, вовшашца забарш а йеш, зевне йоьлуш, ши йoI тIехйаьлча, Iелина карлайелира шен декъаза къоналла. IелагIеран цIийнан корехула дIахьаьжча, гучу лулахойн бешан маьIIехула схьахьаьвзачу урамехула, хIинцца тIехйаьлла йахана и ши йоI санна, пхьаьрсах кIудал а кхозуш, хи эца шовдане йогIура Айза. ТIаккха Iела, цунна дуьхьал а воьдий, и шиъ цхьаьний шовдане доьдура. Айза хи эцна йаьлча, изза некъ йуханехьа а бора цаьршиммо.
И хан а, хIетахь лелийнарш а гIан дагалоьцуш санна, хетара Iелина хIинца. ХIетахь дуьйна шовзткъа шо сов хан йаьллера. ХIинца вац хIетахьлера Iела. ХIинца иза къанвелла, къежвелла, букархьаьвзина, баланаша, бохамаша йуьхь аьхна, настарш а шелйелла…
«Нагахь дийна йелахь, гича, Айза йевзар йарий-те суна? – дагадеара цунна. – БIаьргаш девзар дара. Уьш, цхьа шатайпа, кхечарех тера доцуш, ма дара. Хьекъале, къинхетаме, эсала. Iаьржа, безаман цIаро лепош. Уьш девзар ма ду суна дуьненарчу дерриг а бIаьргашна йукъахь».
Цигахь хIоьттина латта кIордийча, цIа верза ойла хилла, цкъа дIа а волавелла, тIаккха мухха делахь а, йуха а вирзина, шина чуртана тIевахара Iела.
ГIайракхан тIулгах цхьатерра кечдина дара и шиъ. Цхьана говзачу пхьеро царна тIехь лерина дехкинера туьран, шаьлтанан, тоьпан, тапчин суьрташ, чоин бустамаш а. Чарташна тIехь Iасанан, суьлхьанийн суьрташ цахиларо гойтура, и ши чурт къоначу нахана – тIемалошна – доьгIна хилар. Говза йаздинчу Iаьрбийн йозанаш тIepa басарш махой, малхой дIадайъинехь а, Iелига цIерш йешайелира. Цхьанна тIехь цуьнан вешин, Аьрзун, цIe йара, ткъа вукхунна тIехь… цуьнан шен цIе! Шен шина бIаьргах ца тешаш, йух-йуха а йийшира цо и цIерш. ГIалатволийла дацара. И ши чурт цунний, Аьрзуний доьгIнера.
Шена хIоттийна чурт гича, цкъа дегIе зуз хьаьдира Iелина. ГIенах хуьлура ишттаниг. Ткъа xIapa дерриг а самах ду. Цхьа хан йаьхьира цо, догдоьхна. Амма иза цIеххьана xaзaxeтарца хийцаделира. Аьрзуна а, цунна а цхьаммо чурташ доьгIна. ХIета Iелин ши кIант дийна ву. ХIокху шинна чурташ догIа кхин стаг вац, Iумар а, Iусман а воцург. Iелин дахаре болчу безаман цIарах бисинчу гIийлачу суйнах цIе летира.
«Ма тамашийна дуьне ду-кх хьо, – ойла йира цо. – Къанвелча а, вала ца лаьа. XIapa дуьне къахьделла, велла дIавалар гIоли ма йу аьлла, бIарзвелча а, дикане цхьакIеззиг дог дохийла гучуйаьлча, мелла а ваха лаьа. Кханенга сатуьйсу, оцу кханено, ламено шена берриг а дика болх бохьур болуш санна, къаналлин шераш охьа а оьзна, къонвийр волуш санна, цамгарех цIанвина, шена могашалла лур йолуш санна, къелла йицъеш, хьал-бахам лур болуш санна. И мерза ойланаш а йеш, буьйсанна охьавуьжу, наб кхеташ а, ца кхеташ a, axI-ихI деш, узарш деш Iуьйренга ваьлла, бIаьргаш диллича, цхьа а хийцаделла хIума ца карадо. Керла баланаш, гIайгIанаш йохьуш догIy xIopa керла де.
Лекха лам хадор санна, хIума ду стеган дахар. Оцу ломан буьххье хьалаваьлча, шена хьалха хIетталц массарна а къайле хилла лаьттина керла дуьне схьаделлалур ду моьттуш, оцу буьххьехь шена дуьненан ирс карор ду моьттуш, цига хьалагIерташ, шен берриг а къона ницкъ кхачабо адамаша. Ткъа шен дахаран хан дIа а луш, шовзткъа шарахь некъ бина, оцу лакхенга а ваьлла, дIахьаьжча, хIумма а ца карадо. Мелхо а, и ша реза воцуш йаьккхина шовзткъа шо хан ирсе хета, йуханехьа цуьнга сатуьйсу, иза дагалоьцу. ХIунда аьлча, хIинца оцу ломара охьа некъ бан беза цо. Иза къаналлин некъ бу. Иза лаха, ломан вукху aгIop когашка кхаьчча, цуьнга хьоьжуш, кIелхиъна Iаш Iожалла йу. Ткъа хьанна хаьа, оцу ломан бyхьа тIера охьа, лаха когашка кхаччалц цо некъ беш, цунна тIе хIун догIур, цунна хIун гур? Ткъа xIapa дуьне баланийн, гIайгIанийн, бохамийн цIа ма ду…».
«Нагахь xIapa чурташ доьгIначул тIаьхьа ши кIант веллехь? Со Сибрех ваханчул тIаьхьа тIом ма хилла кхузахь. ХIетахь цаьршиннан йалхитта-вуьрхIитта шераш хилла хир ду. ТIаме боьлху хенаш ма хилла церан. Аьрзу а, со а дуьххьара тIаме воьдуш, цаьршиннал жима ма вара. Аьрзун вуьрхIитта, сан пхийтта шо. Оцу тIаме ца воьдуш Iийна хир ма вац и шиъ. Ден чIир йекха. Ден ден а, ден вежарийн а чIир йекха. Оцу тIамехь и шиъ вийнехь? Нагахь дийна висинехь, лаьцна, Сибрех вахийтинехь? Гур вуй-те суна и шиъ? Веза Дела, ахь динчунна, хьан кхелана реза хир ву-кх со…».
Ша буьйса йаьккхинчу керта вирзина Iела, цIа чу а ца воьдуш, ма-воьдду божали чу вахара. ХIусамнанас сийсара хьехийна кхелли дIайаккха дагадеара цунна. РагIун кертахь цхьана маьIIехь лерина тIекIелйиллинчу кхеллин боккха барз бара. Схьахетарехь, иза беша йаржо йахкайалийта гулйинера цига. Цкъа ойла хилира Iелин, оцу кхеллих дан дезарг хIусамнене хатта. Амма хьешан дагахь дерг хиъча, цо бакъо лур йацара и болх бан. Кертал дехьа беша а ваьлла хьаьжча, цигахь цунна карийра рагIу чуьра схьатийсинчу кхеллин жима барз. Шеко йацара, рагIу чохь йолу кхелли а оцу тIе таса йезаш хиларан. Божали чохь шада а карийна, тIера кетар дIа а йаьккхина, хIусамнанна ца хоуьйтуш, къайллах болх болийра цо.