Магомет Сулаев
Лаьмнаша ца дицдо
Кху книги тIехь Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаша ца дицдо» роман йу, цо 1966-чу шарахь зорбанера арахецначу «Тавсолта ломара дIавоьду» романца зIе а йогIуш, цунна тIера турпалхой кху тIехь а буьйцуш, оццу темина хьажийна. Амма цу йуккъера дIайаьхна хилла ира меттигаш авторо, йуха метта а хIиттош, кхин керла хиламаш тIе а тухуш, шорйина шен роман.
Цу тIехь гайтинарг советан зама йу. Цу хенахь пачхьалкхехь хилла социале-политикин хьал а, нохчийн йукъараллехь хилла хьежамаш а, Iер-дахар а гайтина авторо, историн боккха мур схьа а лоцуш. Дуккха а турпалхой, сюжетан масийтта агIо, дуккха а хиламаш балийна йаздархочо.
Таханлерчу йешархочун дог-ойланца а, йукъараллин дахаран дIахIоттамца a, динца а, морально-эстетикин хьежамашца а ца йан тарло романехь гайтина дуккха а меттигаш, турпалхойн даран-леларан гIуллакхашца йоьзна йолу. Оцунах нийса кхета веза: романехь гайтинарг шен заманехь хилла хьал ду, цу хенахь советан Iедало шен йукъараллин дIaхIоттам а, низам а, коммунистически кепара дуьнене болу хьежамаш а дIахиттийна а, чIагIбина а хан йу иза.
Исбаьхьаллин агIо схьаэцча, шена чохь Iаламат говза суртхIоттораш а, нохчийн меттан хазалла къегина гойтуш, дика роман йу Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаша ца дицдо» цIе йолу хIара говзар. Эпически произведенин кеп а, чулацам а ларбеш, турпалхойн васташ дуьззина гойтуш, говза кхоьллина авторо шен роман.
Сулаев Мохьмада йаздина доIанаш а йукъадехкина кху книгина.
Сулаев Мохьмад
(1920–1992)
Нохчийн халкъан йаздархо, поэт, прозаик, критик Сулаев Мохьмад вина 1920-чу шеран 20 сентябрехь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан районерчу ГIойтIахь совдегаран Абун доьзалехь. Шен бархI шо кхаччалц винчу йуьртахь хьалакхиъна Мохьмад. 1928-чу шарахь церан доьзал Соьлжа-ГIала кхелхина. ГIаларчу 16-чу школехь дешна цо. Цул тIаьхьа Асланбековски йуьртахь (хIинца Серноводск) дешаран городокехь школа чекхйаьккхина.
Мохьмадан да Абу гIеххьа таро йолуш совдегар хилла. Нохчийчохь а, Баку-гIалахь а дIакхехьна цо шен гIуллакхаш. Цундела Баку-гIалахь а йехха хан йоккхуш хилла СулаевгIар. Мохьмад 1933-чу шарахь Бакохара С. М. Кировн цIарах йолчу педагогически рабфаке деша вахна. Рабфакера ваьлча, Азербайджански медицински институте деша а хIоьттина, 1941-чу шарахь иза чекхйаьккхина цо.
Мохьмадан дена Абуна, советан пачхьалкхехь Сталинан Iазап лаьттинчу хенахь чу а воьллина, 1938-чу шарахь тоьпаш тоьхна. Доьзална шайн дех лаьцна дерг хоуьйтуш а ца хилла.
Оцу хенахь Мохьмадан терго йина Магомаев Iабдул-Муслима. Йоккхачу АтагIара схьаваьлла волу нохчи Магомаев Iабдул-Муслим Азербайджански музыкальни театр кхоьллинчарах а, церан къоман оперин бухбиллинчарах а волуш, СССР-ехь цIейаххана музыкант хилла. Вайн заманан гIараваьлла иллиалархочун Магомаев Муслиман ден да хилла Iабдул-Муслим.
Институт чекхйаьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу цIа веана Сулаев Мохьмад. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, фронте ваха гIоьртина иза, амма бIаьрса ледара хиларна ца вахийтина. Цо тIеман госпиталехь болх бина, чевнаш йинчу тIемалошна дарба лелош. ТIаьхьо Итум-Кхаьллан районерчу больнице хьажийна, цигахь коьртачу лоьран болх бина Мохьмада.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944-1957-чу шерашкахь Сулаев Мохьмада Казахстанерчу Джамбул-гIалин поликлиникехь терапевтан-лоьран болх бина, цул тIаьхьа, специализацех чекх а ваьлла, Джамбулерчу областнойн больницехь лор-психоневролог а хилла.
Даймахка цIа веъча, шен лоьран балха дIавахна иза. 1958-чу шарахь Сулаев Мохьмад республикин Уьнах цIаналла йаржоран цIийнан (Дом санитарного просвещения) коьрта лор хIоттийна. 196I – 1964-чу шерашкахь Сулаев Мохьмада Хьалха-Мартанан районан больницехь коьртачу лоьран болх бина. Республикехь уггар йоккхачу районан могашаллаIалашйаран болх тобан хьажийнера иза. Цигара ваьлча, йуха а Уьнах цIаналла йаржоран цIийне коьрта лор дIахIоттийна. Шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц оцу балхахь хилла иза.
Сулаев Мохьмад цIеххьана кхелхина 1992-чу шеран 27-чу июнехь Соьлжа-ГIалахь.
Сулаев Мохьмад йаздан волавелла шен 14–15 шо долуш. 1935-чу шарахь йазйина цо шен дуьххьарлера стихотворени «Нохчийн йиш». Иза барта кхоллараллехь йолчу нохчийн эшарех пайдаоьцуш, царах тарйеш йазйина йара. Поэтан говзалла кхуьуш хилар гойтуш йара цул цхьа шо тIаьхьа йазйина «Орга» стихотворени.
Поэтан дуьххьарлера стихаш арайийлина «Ленинан некъ», «Ленинхо» газетийн агIонаш тIехь а, журналаш тIехь а. Оцу стихаша гайтира Сулаев Мохьмад шен хатI долуш а, поэзехь ала шен дош долуш а хирг хилар. Иза къеггина гучуделира, дукха хан йалале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча. Нуьцкъалчу исбаьхьаллин дашца поэт кхойкхура Даймохк фашистски йовсарех Iалашбаре. Фашистийн мехкашдIалецархойн ма-йарра йамарт Iалашонаш Iорайохура цо шен поэтически произведенешкахь. «Малх къуьйсу тIом», «ГIовтта», иштта кхийолу а стихотворенеш йазйира поэта тIом болабеллачу хенахь.
1943-чу шарахь Сулаев Мохьмад дIаэцна СССР-н йаздархойн союзе.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь нохчийн йоза лелаш дацара, нохчийн маттахь зорбатохар дихкина дара. 1944 – 1955-чу шерашкахь лаьттира и харцо. Казахстанехь Алма-Ата-гIалахь 1955-чу шеран 9-чу июнехь арахеца долийра нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газет, цу тIехь зорбатухура нохчийн поэтийн стихаш, прозаикийн кегийра произведенеш. Сулаев Мохьмадан «Гила», «ТIамна дуьхьал», кхийолу стихотворенеш а арайевлира «Къинхьегаман байракх» газета тIехь.
Нохч-ГIалгIайн республика йухаметтахIоттийча, 11957-чу шарахь Даймахка цIа а веана, боккхачу айамца болх бо Сулаев Мохьмада исбаьхьаллин литературехь.
Республикин газеташ тIехь, радиохь, «Орга» альманаха тIехь арайовла йуьйлайелира цуьнан стихаш, очеркаш, дийцарш, критически статьяш. Сулаев Мохьмадан кхоллараллин дахарехь эвсара мур дIаболало I958 шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу поэзин сборник арайаларца. Лирически стихаш йара книги тIехь, шайерш бохург санна. Царах дукхахйерш, композиторша мукъамаш а баьхна, эшаршка йирзира.
Сулаев Мохьмадан кхолларалла шен орамашца нохчийн фольклорах йозаелла йу. Йац къоман барта кхоллараллин сюжеташший, васташший цо шен произведенешка деккъа схьаоьцуш-м, халкъан произведенийн исбаьхьаллин мутт ду цуьнан поэзехь хаалург.
Поэтан «Сай» цIе йолу стихотворени, нохчийн барта кхоллараллин жовхIарех долу «Сай» илли дагадоуьйтуш, цуьнца йогIуш йу. Амма поэта шен стихотворенин маьIна, илли тIехь санна доцуш, кхечу aгIop дерзийна. Кхузахь коьртаниг адамалла, адамийн къинхетам бу. Iаламе, дийнаташка, адамашка, Дала мел кхоьллинчу хIумане хила йеза къинхетамалла йу.
Адамаллин тема Сулаев Мохьмадан поэзехь а, прозехь а коьртачарах йу. «Адамалла» цIе йолуш книга арайаьлла цуьнан. И цIе автора ларамаза ца тиллина книгина. Цу тIера дукхахйолу произведенеш нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллина лерина йу. Къинхетам, стогалла, доттагIалла, безам, хьошалла, ненан беркат, адамийн лерам, собар… – оцу къоман синмехаллийн ойлайо поэта. Царах лаьтташ йу къоман гIиллакх-оьздангалла, цара кхуллу адамалла, адамалла къоман гIиллакх-оьздангаллийн лаккхара тIегIа лору цо:
Вайн нана-лаьмнашкахь
Вайнаха уггар
Лаккхара лерина
Собар, стогалла,
Делахь а царел а
Лаккхара гуттар
Вайнаха ма лору
Бакъ адамалла!
Иштта бу поэтан лирически турпалхочун хьежамаш.
Сулаев Мохьмадан стихашкахь Даймахкаца йолу йукъаметтиг а йу цхьа шатайпана аьхна. Цуьнан лирически турпалхо, шена Даймохк дукхабеза, ша и боцуш мегар вац бохуш, кхайкхамаш беш вац. Цуьнан дагца, цуьнан ойланца, цуьнан бIьаьрхишца бу Даймохк:
– Вай динчу махкара
Къайллаха деана,
Хьуна ас безамна
XIapa зезаг лур ду.
– Схьа да и: сагатдеш
Вай динчу махкана,
Веллачу ден коше
Ас иза хьур ду…
– Вай динчу махка со
Вухавоьду кхана,
Хьоьгара безамна
ХIун хьуо ас, ала?
– Доьху хьоь, доттагIа:
Сан бIаьрхиш канахь
ДIахьолахь ахь цига,
Цхьа цинц ца Iанош.
Алссам поэтически книгаш арахецна Сулаев Мохьмада. Вай хьахозачарах йу «Даймехкан зIаьнарш» (1961), «Даг чуьра суйнаш» (1968), «Йовш йоцу цIе» (I970), «Бакъдерг» (1973), «Лаьттан бос» (1978), «Сирла суьйре» – хаьржинчу поэзин, прозин книга (1980), «Лаьмнаша ца дицдо» – роман, стихаш, поэмаш (I990). Оьрсийн маттахь Соьлжа–гIалахь а, Москвахь а арайийлина книгаш «Бой за солнце» (1970), «Чинар на скале» (1972), «Иду на зов» (1979), «Цвет планеты» (1982), «Орлиной тропой» (1987).
Сулаев Мохьмадан масех стихотворени йу, «ДоIа» цIе йолуш. Нохчийн дош «доIа» Iаьрбийн «дуIан» бохучу дашах схьадаьлла ду. Дехар, ламаз боху маьIна ду оцу дешан.
Йо, Дела! Цхьа шеко
Сан дагах лета:
Iожаллех цакхерар –
Цакхерар хьох хета!
Iожаллех тIех кхерар –
Цатешар хьох хета!
Нисвехьа нийссачу
Барамехь, Дела:
Ийманехь чIагIваллалц
Iожаллех ларвай,
Iожалла тIекхаччалц
Стогаллехь чIагIвай,
Кхачаве ахь тIаккха
Хьайн дикчу кхиэле.
Сулаев Мохьмад ийман долуш стаг хилла. Цуьнан лирически турпалхочо Деле доьху ша дикачу Iамалехь нисвар. Далла дуьхьал воьдуш, цIенчу ойланца, ийманехь чIагIвелла хила лаьа цунна.
Адамна, дийнатна, массо а са долчу хIуманна хьоме бу шен мохк, шен махкахь бен дац caпapгIaт дахар. И тема йух-йуха а керлачу исбаьхьаллин васташца гучуйуьйлу поэтан кхоллараллехь.
Сулаев Мохьмадан поэзехь йу йаккхий жанрашкахь йолу произведенеш а: «Лаьттан бос», «Винчу лаьттан цинц», «Дайн кешнашкахь», «ГIойтIарчу Чочех илли», кхийерш а.
Мехала йу Сулаев Мохьмадан проза а. Къаьсттина «Лаьмнаша ца дицдо» цIе йолу роман. 1966-чу шарахь Сулаев Мохьмада арахийцира «Тавсолта ломара дIавоьду» цIе йолу роман. Иза кхин а шорйеш, тоеш болх а бина, «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш, йуха арахийцира I990-чу шарахь. Оьрсийн маттахь арайелира иза 1992-чу шарахь «Горы молчат, но помнят» цIарца. Роман шен чуламца а, исбаьхьаллин башхаллашца а Iаламат мехала произведени йу. Нохчийн халкъан дахарехь уггар халчу муьрехь (1940–1960 шерашкахь) хилла адамийн кхолламаш гайтина романна тIехь. Къоман гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ Товсолтин вастаца ду. Советан заманахь кхиъна цуьнан ши йоI Нурседий, Селитий комсомоло бохучунна тIегIерташ, кхечу амалехь йу. Ши йоI деца эвхьаза ца йолу, йуьхь-дуьхьал эхь-бехк лардо, амма царна йукъахь къийсам бу. Йаздархочо шуьйра гайтина оцу хенахьлера къоман дахар: Сийлахь–боккха Даймехкан тIамехь нохчийн йуьртахоша дакъалацар; фронтана, бIаьхошна оьшург вовшахтухуш, дIайахьийтар; нохчийн къам махках а даьккхина, лайна халонаш; йуха «декъаза цIадерзар». «Лаьмнаша ца дицдо» роман нохчийн литературехь дуьххьарлера произведени йара, нохчийн къам махкахдаккхаран тема иштта шуьйра хIоттийна.
Арсанукаев Iабдулла,
Россин йаздархойн союзан декъашхо,
литературовед, библиограф.
ЛАЬМНАША ЦА ДИЦДО
(роман)
IАЬРЖА ЛО ШКОЛЕХЬ
Геннара дуьйна а сенчу майданахь къаьсташ схьагучу, кIайн кир а тоьхна, цIечу герагийн тхевнаца малхехьа а йерзийна лаьттачу школехь йоккхачу перерывана горгали бийкира. Классашкара арахьаьлхинчу дешархоша цу сохьта синкъерамечу зевнех йуьзира и, хIинцца йесса хилла, уьйтIе.
Делкъан малх къаьрзина чухьоьжура, цхьа а марха йоцуш, шенна йисинчу стиглара. Лахарчу классашкара кегий бераш лечкъаргех ловзий, идий дуьйлира, ткъа лакхарчу классашкарнаш, шина декъе а бекъабелла, – сехьа зудабераш, дехьа божабераш, – ловза буьйлира, цу кертахь даим дIанисйина, кийчча латточу бойна тIоьхула буьрка дIасакхуьссуш.
Зудаберийн тобанехь кхечарел къаьсташ гора, айаделлачу догIмашца, цхьаннах, махарчий долу кIайн кучамаш а йуьйхина, куьцехь кхиъна йогIу ши йоI. Буьрка хьалакхуссуш, церан дуткъий догIмаш, хаза дахлой, хи чуьра хьалакхоссабеллачу чIеран санна, малхехь буто къегара, къаьсттина лекхачуьнан.
Школина хьалхахула тIехбуьйлучу къоначу а, къеначу а нехан тидам цу шинна тIехь соцура. ХIинца а, аьрру агIорхьара схьавогIучу шина стеган къамел тасаделира царех:
– Ма тайна йу и шиъ! Хьенан йу-те? – хаьттира жимахволчу, фуражка тиллинчо.
– Дера йу хIинцца вайша цхьаьна Iийна схьавогIучу Тавсолтин. Цуьрриг вочу ден а ма йац! ВаллахIи! – элира гIовталца холхазан куй тиллина волчу воккхачо.
– Баккъал бах ахь? Хаза-м йу ший а! Къаьсттина и… дIо лекхахйерг!.. КIажарш, бIаьргаш Iаьржаниг… Зовкх дара-кх…
– Иза йоккхахйерг йу… Амма, цу жимачуххий… Дала ларвойла!.. БIаьргаш сов сийна ду цуьнан!.. Балдаш, кIажин пхенаш дуткъий, бIаьргаш сийний долчу зудчух Дала ларвойла боху жайнехь а, – воккхачо а олуш, тIехвелира ши къонаха…
Йоккхахйерг йара ворхIалгIачу классера пхийтта шо кхаьчна Берсанова Селита. Цунна йуххехь синкъераме хьийзара, цул шо жима йелахь а, цуьнца цхьаьна классехь йолу цуьнан йиша Нурседа. Иза йоккхайера: хьалхара бал, и чекхболлуш, цо кхузза чутоьхначу буьрканца схьабаьккхинера зудабераша божаршкара.
«Ма дика хир дара хIинца xIapa а схьабаьккхича», – дагадеъна, шен ма-хуьллу хьийзара Нурседа. Дехьа божаршца, шен даималерачу мокхачу хуьтан пиджакан хьалха значок а лепош, лаьтта Селител шо воккха, борхIалгIачу классера, школехь комсорг волу кхеран ваша Дауд, бIаьца йеш, Нурседина резахилла, велакъежира.
Селитин а сакъералора тахана: де хаза дара. Йуьртана гена доцу лаьмнийн кIайн кортош, Iуьйранна дуьйна а, малхо дешин варкъ диллича санна, лепара. Царна а дехьа генна дIауьду стигалан анайух сенчу алуца йогура, xIop минотехь а йездарех бос керчош.
Басешкара бошмаш техкара, гаьннаш тIера шурула кIайн заза, лайн чимех тера, луьстта охьаэгош. ДIо бухахь декара самукъане Яьсси. XIapa дуьне хаза дара. TIe… Дехьарчу тобанца, Даудна уллохь, нисса кхунна дуьхьал а вирзина лаьттара вешица цхьаьна доьшуш волу, йалхийтта шо кхаьчна Албастов Увайс.
Школехь цхьанна а ца хаьара, цунна санна дукха, бес-бесарчу зезагийн, диттийн цIераш. Цхьа а пенан газет а ара ца долура цуьнан, массарна а – къаьсттина Селитина – хазахета байташ тIехь йоцуш… Селитас хьалха дуьйна а тидам бинера: Увайса, миччахьа ша хиларх а, кисанара схьайоккхий, блокнота тIе цу сохьта дIайаздора шена керла девзина дешнаш, ораматийн а, дийнатийн а цIераш. Дика дешарца а къаьсташ вара иза.
Цо хIинца, ша моссазза кхуссу а, буьрка Селите хьажайора. Увайса шен бечу тидамах а, иза йуххера гарх а, бIаьстенан кху хазачу дийнах а, дуьхе кхиа кхин бахьана а доцуш, ша-шаха самукъадаьллера йоьIан. Йукъ-кара, цахуучуха, бен доцчу кепара, цуьнгахьа дIахьожура Селита: «Ма хаза ву и… амма… ойлане хIунда ву даим?.. Ша буо долу дела ву-те?» – дагатосура цунна.
Увайс-м, жимачохь дуьйна а да-нана доцуш висинехь а, гIийла вацара: иза кху школин директор волчу шен вешица Керимца дика Iapa. Ша буобер хилар дага а ца догIура цунна. И дагадан меттиг а ца йолуьйтора шен цхьаъ бен воцу, пхи шо кхаьчна Каташ санна, Увайс дукхавезачу, хIоккху школехь хьоьхуш йолчу Кериман зудчо Кесирас а. Делахь а, Увайсан хьажар, Баккъал а, ойлане дан а дара, иза ойла йечарех хиларна, ткъа цуьнга шатайпа хьоьжучу Селитина иза гIийло а хетара. Муьлххачу а ловзаран кегарехь иза, иштта «ша-шаха», «ца хууш», нислора Селитина гена воцуш. Амма цкъа а ца гойтура цо, бахьана а доцуш, цунна ша йуххе воьдуш а, йа цуьнгахьа хьоьжуш а: делахь а оцунна оьшу бахьана муьлххачу кегарехь а ша-шаха карадора, йа наггахь, цхьа а бахьана доцуш а, бехказлонна цкъа йуххерчу цхьана кхечуьнга дIа а хьовсий, Увайсан бIаьргаш, тIаккха Селитехьа а доьрзий, цунна тIехь дехо совцура.
Цунна а дагатосура: «Ма тайна йу и… Гуттар ойлане хIунда йу?.. ХIун ду те цо сагатдийриг?»
Амма Селитин а дацара сагатдан кхин бахьана: и ший а ойлане дийриг, церан хIинцца голатухучу кхаьчна, къайленех дуьзначу дахарх лаьцна керл-керла хеттарш самадоху къона хан йара. И шиъ вовшашна сингаттаме хоьтуьйтург а, цара шайна а ца хууш, хIинцале шайн дегнийн кIоргенехь къайллаха вовшашна гатден са дара.
Селита йуха а Увайсехьа хьаьжира.
ЙоьIан кIедо хьуьйсу бIаьргаш, церан кIоргехь богу чиркх цхьаммо-м даима чуоьзна латтош санна, цхьана эшшара эсала догура. Цу сохьта Увайса, хIокхуьнгахьа хьажош, сехьа кхоьссина буьрка, Селитин коьртара йовлакх а дожош, дIайахара. Мохо некъехьа дIададийра йовлакх. Цунна тIаьхьа йедда Селитий, Ткъа бехкалвахана, цочул хьалха схьа а лаьцна и йоьIе дIадала дагахь ведда вогIу Увайссий гира школина хьалхахула схьайогIучу шина зудчунна. Когийн кIажошка кхоччуш йеха коч а йуьйхина, ал тапта коьртахьчу, йоккхахйолчо муьшка йира шеца йогIучунна:
– Хьажахь! Тавсолтин йоI а иштта лелча, кхечара хIун дан деза?
– Хир дац, хьуна, и Тавсолтина хууш-м!
– Тамаш ма бу, ишколана уллохь ша Iашшехь, цунна и цахаар!
– Дера, деза хIинца вайша, дIа ма-кхеччи, хаийта-м! Бехк буьллур ма бу вайна и гиннашехь цахаийтарна, – аьлла, и шиъ школина аьрру агIорхьа дIайахара.
Селител хьалха ваьллачу Увайса, схьа а эцна, йовлакх дIакховдийра йоIе, цуьначух шен куьг ца хьакхадалийта, шина пIелга а лаьцна:
– Бехк ма биллалахь, Селита, ларамза хилира, хьуна, и! – Увайсан аз шатайпа къорра дийкира.
– Иза-м хIума дацара, – Увайсе леррина хьаьжира Селита: цкъа а иштта qeххера гина вацара иза. Нисса йоьIан бIаьргашна тIе нисбелира Увайсан ши бIаьрг а: цу секундехь вовшийн бIаьргаш чуьра схьатоьхна церан синойн зIаьнарш, хьалха дуьйна а церан кийрахь вовшашна IаьIаш схьайеъна йолу, хIинца, цхьа мерза цIе дегIах латош, церан дегнаш чу дIакхечира.
Селита, шена хIинца хиллачух ца кхеташ, амма иза доккха хиларх шекьйолуш, цуьнан ойла йеш, меллашчу боларца тIейахара шечарна. Увайс а ойлане дIахIоьттира шен метте. Уьш йуха а ловза буьйлабелира, ткъа хIинца цу шиннан хьажар баккъала а мелла а сингаттаме хеталора: шимма а, хIинцца шайн дегнаш чохь кхолладеллачух кхета гIерташ, цхьатайпа ойланаш йора.
Амма гонахара бIаьстенан Iалам, хьалха санна, самукъане хьоьжура цаьрга: цунна дика хаьара кхаьрца хIинцца хилларг шен омрица дуйла а, цу тIехь и кеста дIадоьрзур доцийла а.
Кху секундехь дехьара схьакхоьссина буьрка, Нурседин кара а кхеташ, охьайуьйжира. И схьаэца йоьлла йоI цунна тIе а кхетта, буьрка йассайелира…
– Йалол, Нурседа, йадий, вайн чуьра нара кIелхьара велосипедан насос схьайал! – элира Дауда.
– XIapa-м ас иштта а йусур йара, – аьлла, Нурседа буьркан чу xlyп баха йуьйлира.
– Ма йу-кх хьо! – вашас аьлларг сихха кхочушдархьама Селита ша йахара шайн чоьхьа: и ловзар духийла ца лаарал совнаха, цунна, ша а йаьлла, шен даг чохь хIинца гIаьттинчу цу алун ойла йан а лаьара. Ша дIайоьдуш «иза» шена тIаьхьа хьоьжийла хааро, Iодан пха санна, ша-тайпана дуьйлинера Селитин болар. И йухайале, Нурседас буьрка а йуьйсина, ловзар дIадоладеллера. Насос а йоцуш йухаеъна Селита, ловзучарех дIа ца кхеташ, ша а йаьлла, дIахIоьттира, цу кертахь цхьаъ бен доцчу, шуьйрра даьржинчу доккхачу бIара кIел, цуьнан гIодах а тевжина. Йедда тIееара Нурседа, хьаьрса чIаба а лестош, шена хьалха лаьттах йетташ, куьйга эккхийна, буьрка а йалош.
– Селита! Лайх йинах йаций хьо? Малхах лечкъина, кху «Дада-бIар» кIел ма-хIоьтти хьо?
И цIе тиллинера бераша оцу диттана. Селитин Iаьржа бIаьргаш, воккхачун санна, хIинца Баккъала а ойлане а, гIайгIане а хьуьйсура. Нурседас буьрка, ког тоьхна ловзучаьргахьа дIа а карчийна, шен забар меттахь ца хетта, эсала хаьттира:
– Селита, хIун хилла?
– ХIумма ца хилла… Иштта лаьтта-кх… йало… ловза!
– Дийцахьа.., – хьастайелира жимахниг.
Аьрхочу Нурседера гIалатениг а, диканиг а цхьабосса атта долийла хуучу Селитас: «Дийца-те, йа ма дийца-те», – бохуш, уьйзура ойланехь.
– Дийцахьа, Селита, со йиша йац хьан? – хьаьрчира цунах Нурседа.
– Дадас вайша, кхана дуьйна, кхин школе йохуьйтур йац боху-кх…
– И мичара хези хьуна?
– ХIинцца чуйаханчохь… Со сени чу кхаьчча, делкъанна чувеана дада чохь нене луьйш хезара: «Кхиъна ши йоI… школехь коьртаIуьйра, кIозарш а оьхьуш, божаберашца уьдуш, хьийзар ас ловр дац», – бохура… Нене кхин а бага йиттира цо… Со, чу а ца йоьдуш, схьайеара…
Кагделла га санна, цхьаьний, оллайелла, гIийла лаьттара ши йоI.
Массо а, мел цамоьттурш а гучудохуш, тамаше хIуманаш довзуьйтура школехь: латта, чIапа доцуш, горга хилар а, сецна ца лаьтташ, цо малхана гобахар а, стигалан бух бацар а, зезагийн хьекъале дебар а, дуьненарчу адамийн массеран а орам цхьаъ хилар а – дерриг а школехь хиънера. Кхузахь йевзинера доттагIаллин марзо а. Дуьнене хьалхачул а цеце, амма хаъал хIинца кхеташ хьуьйсура. «Баккъалла а, йита деза-те хьо?», – дагатесна, хьалха лаьттачу, даккхий кораш долчу, шайн школин гIoпe бIаьрг туьйхира йижарша.
Цу хенахь, лаьтта бIаьра а хьоьжуш, дай астагIчу боларехь, школина хьалхахула, Iаьржа месала куй а коьртахь, тIейуьйхина, массо а вета дIатесна, сийна тиша гIовтал, когахь маьхьсеш а йолуш, балха вухавоьдучу Тавсолтех бIаьрг кхийтира хьалха Селитин. Иза гойтуш, Нурседина йайн муьшка йира цо.
– ХIуммаъ дац… Ас Анна Львовне а… Дауде а эр ду! Нехачарна а мегий! аьлла, Нурседа, цкъа шена гергахьа волчу Даудехьа а хьаьжна, тIаккха кабинета чуьра уча йаьллачу Анна Львовнехьа дIахьаьдира. Иза церан классан куьйгалхо а, школин парторг а йара.
Ша и Нурседига дийцарх дохкойаьллачу Селитас:
– Ма хатталахь!.. Собар делахь! – тIаьхьа мохь туьйхира, иза кхоьрура, и гIуллакх дийца даьккхича, кхин а харцахьа даларна.
Нурседа, и ца хезачуха, йуха ца хьожуш, хецца Анна Львовнина тIе йахара. Селитина гира: Нурседига жимма ладоьгIуш а лаьттина, цу сохьтта, йуьхь хийцайелла, Анна Львовна, Нурседа а эцна, кабинета чу йахара. Селитин даг чу ов туьйхира: «ХIун хила доллу-те хIинца?»…
Коьртара йовлакх схьа а даьккхина, бIаьргаш хьалха даьхьира цо, тIаккха, доллучунна а бехке и долуш санна, шен жимачу буйнахь Iаьвдира иза. Йуха, коьртаIуьйра ша цхьанна гале, сихха дIатиллира.
Йоккха перерыв чекхйолуш, дешархой классаш чу боьхуш, горгали бийкира…
* * *
Вукху урокехь Анна Львовнас хьоьхучу, шена дукхайезачу оьрсийн литературан темица, Селитас «шиъ» даьккхира – дуьххьара. Оцуьнан бахьанах кхета Анна Львовна шен кабинета чохь ойла йеш Iapa: и ши йоI дешарна йукъах ца йаккхийта дезара, ткъа иза, церан деца йолу йукъаметтиг ца талхош а, ма-хуьллу, Iедале ца доккхуш, шегахула дIадерзо а лаьара цунна. Нагахь Тавсолтина xlapa гIуллакх ма-дарра хаахь, цо шен мехкарий, дена айкх бевлларш а бина, кхин а хьийзорна а кхоьрура Анна Львовна: де-а мегар дацара и цу тIе кхачийта. Амма IаддаIан а йиш йацара: «Райкомо а жоп хьалха соьга хоттур ду», – бохура цо дагахь. Делахь а, Тавсолтин ша-тайпа амал дика йевзинчу Анна Львовнина хаьара и шен даша тIера вухаваккха атта хир доцийла.
Цундела, Тавсолта волчу хIинца ша мила вига-те шеца, цо лорур верг мила хир вара-те, йа ша гlo-те бохуш, ойла йора цо, амма цхьа а дага ца вогIура. Анна Львовнина хаьара, Дауд а, комсорг и велахь а, и тайпа къамел дега дан хIуттур воцийла.
Ша кхузахь доккхучу кху ворхI-бархI шарахь нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ девзинчу Анна Львовнина хаьара Тавсолтас шел жимахчу Кериме а, школин директор и велахь а, кху гIуллакха тIехь мегарг ладугIур доцийла. ТIаьххьара а ойла йича, Тавсолтас дика лара мегарг, мехкан хьаша а, дукхазза царна гIуллакх дина а йолу ша хийтира Анна Львовнина. Цундела цо сацийра, тахханехь, занятеш дIа ма-йевлли, Тавсолта волчу ша йаха. Иза къобалдира Керима а.
ТАВСОЛТИН ДОЬЗАЛ
Де суьйренгахьа лесттинчу хенахь, колхозан бешахь болх бина а ваьлла, белшах жима тIоьрмиг а тесна, сиха доцчу боларахь, вай астагIа а теIаш, цIехьа вогIура Тавсолта. Дуьхьалнисвеллачо некъ буьтура, хевшина Iийраш гIовттура цунна. СхьавогIуш, гонахарчу Iаламе кест-кеста бIаьрг тухура цо. Цунна йезара ша вина xlapa Эскиной-Юрт а, шайн дахаран даима теш хилла лаьтта гонахара и лаьмнаш а. Вичхьана а кхузахь ваьхнера иза: Эскиной йоцчохь, вахана-вар доцург, бутт а ца баьккхинера Тавсолтас. Чувахале, де дукха хаза нисдаларна, ша вогIучу новкъара схьа а вирзина, ЦIен-бердехьа вахара иза: схьахезира, xlapa тIеийзавен, масачу Яьссин гIовгIа. Гучуйелира маьI-маьIIера бацо сенйина, лекхачу бердан цIен тарх. Бердан йистте, шена хьалха гIаж а гIортийна, дIахIоьттира Тавсолта. ТулгIеша аьгна хин йист лахара кеггийра чукерчара, амма берд тешаме бара. Цу ЦIен-бердехь, Яьсси-хин йистехь дIайаханера кхуьнан йерриге жималла. Кхузахь, къоначохь, дукха зама хьалха, бердах киртигаш йохуш, баьккхинчу новкъа хитIе йoгlypa xleтахь кхунна йезаелла къона Нурбика. Ма товш хуьлура и, гуьлмаьнда а тиллина, кIудал а белша тIехь, хи йистехь лаьтташ, цIечу пошмакхан буьхьиг бай лаьттах а хьоькхуш! ХIетахь Нурбика йолчу миччара а сиха кхочура Тавсолта, наггахь бен тIедухуш доцчу исхарин чоица, кIайчу бустамашца, шен борачу динахь, детица кхелина шедан кхаж буйна а къуьйлуш. Моссазза дийцира, моссазза дийхира!.. ТIаккха… тIаккха тIаьххьара а замойша, тоьпаш а кхуьссуш, схьайалийра… Коьртех туьтмIаьжгаш йоьхкина жухIаргаш а ловзуш, дIадехьира доккха ловзар… Мел хаза дара и!.. ХIетахь массо хIуманах атта Iexaлора. ХIинца-м кху хин йистехь а Iийна чувеъча бен кIадлой а ца хуьлу дог. Кхузахь самабуьйлучу дагалецамаша дIа мел даханарш, цхьаъ вукхунна тIаьххье, йуха карладохура Тавсолтина.