–ТIом!..
Пхьоьха сихха стамйелира.
Баккхий нах: цхьа а вист ца хуьлуш, цхьаверг школин кетIарчу хена тIе лахвелла, важа лаьттах гIортийнчу Iасанна тIе ши куьг диллина, кхозлагIниг бIаьрнегIарш а дийшийна, шена хьалха лаьттах, боьххьехь цхьамза боллу, Iaca Iуьттуш – массо а гIайгIане ладоьгIуш Iapa. Шен Iаьржа месала куй а коьртахь Тавсолта а лаьттара, марха санна.
Уьш бехха Iийра ойлане тийна: царна дика хаьара: «тIамо шура ца йохьийла!»
Керим а, шен шуьйрачу белшаш тIехь, жIанк санна, жима хета хьаьрса корта кIеззиг aгlop а таIийна, шен цIен йуьхь а, кегийра боьмаша бIаьргаш а кхоьлина хьоьжура. ТIехьа ладоьгIу кегийнаш-м: Дауд, Увайс, Селита, Нурседа, кхин берш а – царел сапаргIат хетара: къоначарна вон кIезиг дайнера, церан син гlopa а сов дара. Делахь а, гIодайукъ а къуьйлуш, дегIаца айабелла, цIеххьана баккхий хиллачех тера-м хьоьжура уьш: царна а даго хьоьхура и хIинца схьахезарг уггаре а даккхийчех хилар.
Йуьстахо лаьтта зударий: басмин коч йуьйхина, басадаьлла йовлакх тиллина Нурбика; ша оза, амма шен беса йуьхь севсина йолу Кесира, Анна Львовна, кхиберш а, мох баьлча кхокхий санна, вовшашна герга теIара.
Массарна а шайн дагца хиира xlapa тIом мух-муххачех а боцуш, шатайпа тIом хир буйла, xlopа доьзалан а чу кхочуш, массеран а кертахула чекхболуш, цо цхьа а шена йуьстах вуьтур воцийла.
Радио лийна йаьлча, и тапъаьлла лаьттина пхьоьха гIовгIане йелира:
– Эккхаза ца Iий-кх xlapa!..
– ХIун хир-те хIинца?
– Хьовсур, муьлхарш тоьла! Фашистийн йовсарш!..
– НеIалат царна! Бина барт а бохош!..
– Ахьарш кечдан деза хIинца! – эккхийтира цхьамма.
– Белхашна кхин а тIетаIа дезар ду моьтту суна-м, – оьгIазе дIахьаьжира цуьнга Керим.
Зударшца лаьттара школин цIанонча Кхокха, хIинца а даим санна, тIе Iаьржа дуьйхина:
– Йуха а – тIом!.. Со йелар-кха боьрша! – эккхийтира цо.
Цуьнан майра, дукха хан йоцуш, вийнера Фински тIамехь. И ша Iаш йара, кху школехь доьшуш волчу, шен цхьаъ бен воцчу кIантаца Илесца, кхин гергара нах а боцуш. Илес НурседагIаьрца цхьаьна классехь вара. Нанна йуххехь лаьтта иза, цо шен белша тIехула дехьна куьг меллаша дIа а хилийна, дехьа цхьаьна лаьттачу кегийрхошна тIе вахара.
«Вайн махка туьрца веънарг – туьро отур ву», – Даудан лере а таьIна Увайса олуш хезна, цу шинна кхин а йуххе хилира иза.
– Ваййй… ХIинца хIун хир ду-те?.. – аьлла, зударшлахь цхьаьнге-м йелхаран чIикъ белира.
– Сацийтал цигахь! – тIечевхира Тавсолта…
…Пхьоьха дIайуьйхира…
Массо а хIуманах ловзар даккха кийча долу йуьртан бераш, цу сохьтта шина декъе а дирзина, гIашйуккъе серий а доьхкина, вовшашна тIаьхьий, чуччий ида дуьйлира гIовгIане жIуганашца…
Сгиглахь гулйелира Iаьржа мархаш… Мархаш санна, сингаттаме тIехтилира и хьалхара тIеман де…
Вукху дийнахь школина хьалха боьдучу новкъахула, магIарш бинна, дIаоьхура тIаме кхайкхинчийн дуьххьарлера тобанаш:
– Са ма гатделахь, Ваня! Тхо ледара Iийр дац хьуна! – Анна Львовнас куьг ластийра, шайн Iодика а йина, сай санна, корта аркъал а теIош, ведда шечарна тIаьхьа воьдучу Иван Саввиче.
Увайсий, Даудий, кхечу дешархоша а куьйгаш лестадора цуьнга а, цуьнца цхьаьна могIарехь, кIеззиг техкачу боларехь воьдучу Кериме а, вукхаьрга а. Кесира тийна лаьттара.
– Варий, ледара ма хилалахь! – Кериме мохь туьйхира Тавсолтас… – ЦIа са а ма гатделахь цхьана а хIуманна… Тхо ледара хир дац хьуна! – кхоьссира цо Керимна тIаьхьа: хаьара кхин воккхаха цIахь витина и ца воьдийла.
Каташан куьг а лаьцна, Анна Львовнина йуххехь лаьттачу Кесирас а, тIехьашхула, Тавсолтина ца гойтуш, куьг ластийра майрачуьнга.
– Марша Iойла шу! – схьахезира Кериман аз.
Воьддушехь, охьатаьIна некъан йистера схьа а даьккхина, кIен хелиг Iаьвшира Иван Саввича: буьртиг, сегIаз санна, кIеда бара: «КIа хьокху хан хуьлуш йоллу», – дагатесира цунна. Можа бос бетталучу сийначу аренашка бIаьрг туьйхира: «Йуха гурий-те?.. Делахь а…», – гIулчаш ондда йаха вуьйлира иза, цхьаъ-м дагадеанчух. Некъо голатухучу кхаьчча, вуха а вирзина, куй ластийра Керима. ТIаьхьа хьуьйсучу зударийн аматаш ца къаьстира хIинца. Некъан кIуьралахь иза а тIаьххьара къайлавелира.
Каташца йухайогIучу Кесирас цIеххьана шен некхе куьг даьхьира. И ца гайта гIерташ, къийла а луш, школин кертахьа йахара. Ниночка а эцна, цунна тIаьххье сихйелира Анна Львовна а…
– Хала-м ду безачех къаста! – Селита шена тIаьхьа йогIучу Нурседе йухахьаьжира.
– Къаьста хан тIехIоьттича, къаста а-м деза, – соцунгIа а хилла, воккхачух тера, Селитин бIаьра хьаьжира Нурседа…
ТIемалой новкъа баха баьхкинарш дIасабекъабелира…
Буьрса лаьттара лаьмнаш. Царна тIехула нийсачу къепалшца малхбузехьа дIаоьхура, цхьаъ вукхунна тIаьхьа Iаьржа мархаш.
Кхузахь ганза дукха хан йолу кеманаш а дахара, гIовгIанца стигал этIош, лаьмнашна тIехула, марханел хьалха девлла.
Сарахь, йерриг стигал дIалоцуш, мархаш гулйелира Эскинойн тIехула, бода xIоттош. Цхьа а седа бацара гуш. ХIаваэхь садуькъне хилира, адамийн дог-ойла таIош.
Нурбика, татадайна, хьийзара чухула, цхьацца деш. Дауд радиорепродуктор нисйеш воллура. Нурседа, хьалххехь шен гIуллакхаш а дина, aгlop йаьллера. Селита, коре хиъна, арарчу бодане хьоьжуш Iapa. Халла къаьстира генарчу лаьмнийн кIайн кортош. Гонахарчу аьрцнийн гома даккъаш, боданехь дерриш а тамашена вовшаххоттаделла, доккха-деха цхьа дукъ хетара. ЦIеххьана кора бIаьргах, тата а доккхуш, геннахь гулделлачу догIана дуьххьарлера тIадам кхийтира. Башломан кIайн корта берриг гучу а боккхуш, цунна шозза го тосуш, лаьхьанах сеттина, лепа сийна ткъес. Геннахь иккхира стигал къекъар. Селита, корах а летта, йуха ца йолуш, хьоьжуш Iapa: стелахаьштигаш хIинца сих-сиха, торхийн момсарш серла йохуш, стигалах цастарш деш, буьрса а, тамашена хаза а детта дуьйлира.
ЦIеххьана аьрру aгlopa схьатоьхна ткъессийн дийнна цIов, цхьана секундана Селитин бIаьрса дIаоьцуш, сирла малх латийна, тIаккха ЧIап-ломан басах а кхетта, эзар кийсиг хилла, ломан хьун тIехула дIабахара, диттийн баххьаш къагош. Цунна йуххерчу мокхаза торха тIехула хьаьвзина дуткъа ткъес, кхин дерш санна, сиха дIа ца довш, дехха лаьттира хIаваэхь, нур санна, догуш, шен гIодах дIатесна кхин а дехий цIеран гаьннаш а лепаш.
Стигалан къекъар, тIеттIа совдуьйлуш, даьржира гонаха, Башломан кIайчу коьртах йуха а дера ткъес туьйхира: цкъа… шозза… кхузза… Стелахаьштигийн цхьамзанаш хIинца лаьмнийн некхех хьалхачул а сих-сиха деттара, шайн татанаш генна даржош. Стигалан къекъар кхин а алсам делира, стигал йоьхна, чуйогIу моттуьйтуш. «ХIун хила доллу-те кху дуьненах», – аьлла, хийтира Селитина: саьрмаках тера, стомма деха ткъес хьаьвзира хIинца, Башломан тIехула, цуьнан кIайчу коьртах цIеран чалба хьарчош. Масех секундехь иштта а лаьттина дIадайра иза.
ХIинццалц геннара схьахезаш хилла стигалан къекъар, хIинца стигалан тхов тIехула эзар трактор йолаелла моттуьйтуш, инзаречу гIовгIанца Эскинойхьа схьахуьлуш догIура. Эмкалш санна, йаккхий, йусаелла Iаьржа мархаш, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, сихха схьашершара Эскинойгахьа, гуш воцчу Iуьно ткъессийн шодмашца шаьш лоьхкуш санна. Уьш танканаш санна, ЧIап-ломана уллохь вовшахйетталуш, эчиган татанаш дохуш, багара цIеран асанаш а туьйсуш, гlepгlapa. Селитина хIинца шен лерехь хезира, лаьмнаш ата санна, сихделлачу стелахаьштигийн тата: стигалийн тIом Эскиной чу кхечира.
«ХIун хила доллу-те кху дуьненах?» – йуха а дагатесира Селитина: «Буьйсано тIом хьабина-те лаьмнашна?.. Йа лам къевсина, Iинан джинаша, жоьжахатан пешара идош, вовшашна кхуьйсу хаьштигаш ду-те уьш?.. Йа, йоьхна, чухерца-те стигал?..»
СелитагIеран нийсса тхевна тIе туьйхира ткъес, кхеран рама а йегош. ДоIанаш а деш, схьахьаьдира Нурбика: Селита, ша Iачуьра а гIаттийна, букъа тIехьахула куьйга тоьттуш, шен метта йижа дIахьажийра цо. Эскинойн цIенойн тхевнашна тIехула хIинца, гезарий йевдича санна, татанаш дохуш, догIанан дехий, стаммийра серий чухецаделира, массо а марха кхузахь йаьтIча санна. ДогIано башийна месала куй бегош, чувелира Тавсолта. Сихха тIе верта а кхоьллина, тIома кIел панар а лаьцна, дохнан кертехьа вахара изп. Цунна тIаьххье аравелира Дауд а…
Стигалан къекъарш эххар севцира. ДогIа малделира.
Йуха чу а веъна Тавсолта а, Дауд а дIавижира. Iалам дIатийра. Селита, меллаша меттара гIаьттина, когабуьхьара коре йахара лаьмнашка хьажа: «ХIун дисина-те царех, оццул стелахаьштигийн мор шайна тIетоьхча?», – дагатеснера цунна.
Амма лаьмнаш, хьалха санна, цхьа а зен хилаза, мелхо а кхин а серладевлла, сапаргIат лаьттара. Стигал а йекхнера, наггахь бен марха ца гуш. Эзар седарчий, шаьш хIинцца цхьамма дилинчух тера, къа латозачу берийн бIаьргаш санна, цIена хьоьжура. ХIаваъ, генна дIа шех чекх сагуш, хьаьъна дара. ПаргIат садеIалора…
TIEMAH ХЬАЛХАРА IA
Iуьйранна уьйтIа ваьллачу Тавсолтина гира, ло а диллазчу кертахь, татолана лаьцна, вотанна дуьйлинчу ахкаргах тера, буткъа шера ша, шен пардох чекх бухахь жагIа а лепаш. Хье ца луш, диллира дуьххьарлера ло а: шуьйрра дIасайаржийначу шаршуша кестта хьулйира ломан басеш, аренаш, некъийн асанаш. Амма Iин чуьра, барзах тера, схьалелхачу мохо, кайетташ, дохуш, маьI-маьIIехь гучубохура лаьттан Iаьржа кIунзалш.
Долла Iалам сингаттаме хьоьжура: хIурдан тулгIено геннара схьакхоьхьу дуьра гIовгIа санна, лаьмнаш тIехула схьахьоькхучу мохо кху йуьрта а схьакхачийра тIеман къаьхьа чам, шеца шатайпа хийцамаш а бахьаш. Эскинойра кхин а дукха нах тIаме дIабахара.
Йурт мелла а йассаелча санна хетара: бухабиснарш, совнаха гlap йоцуш, белхашна тIе таьIнера. Йуьртан массо а маьIIехь, пенашна а, бIогIамашна а тIехь дIатоьхна гора цIечу кIадеш тIехь йазбина кхайкхамаш: «Дерриг а – фронтана! Дерриг а – толамна!»
Цхьана эшшарехь дIаоьхура школехь занятеш. Цхьабакъду, кху Iай пальтош а тIехь-м Iара классашкахь: январан денош шийла а даьхкира, дечигна шорто а йацара. Тахана, школин комсорг Дауд, классехь староста волу Увайс а, шайца кхин а цхьацца дешархой а, комсомольцаш а эцна, колхозан правленис бакъо а, трактор а йелла, Iуьйрре хьуьнах дечиге бахара.
Дикка делкъал тIаьхьа уьш бухабогIуш, тракторан гIовгIа а хезна, царна дуьхьал бахара лакхарчу классашкара дешархой, шайца Селитий, Нурседий а йолуш.
Iай ша беш а доцу, амма хIинца жимделла Яьсса гомхадаьллачухула сехьа а йаьлла, йоьттинчу прицепца, хьалагIертара трактор, шена боккха ницкъ хуьлучух оьгIазе гlap йеш.
– Хьалайалалур йуй и цигаша? – лахара хьала мохь туьйхира Дауда, бете куьг а лаьцна.
Изий, цуьнца бершший, трактор кхуза кхаьчча, охьа а биссина, гIаш богIура.
– Цкъа хьала-м тосур йу! Лаахь, оцу бердах а! – тIера схьа мохь туьйхира, ткъех гергга шо долчу, тIехь йоца пальтой, коьрта тиллина лергаш долу куй болчу, беснеш цIазамах йогучу трактористо.
Прицепа тIера охьаэгга дечигаш а лехьош, тIаьхьа богIура дешархой.
Йоккха горга дечиг а марахь, прицепна тIаьхьа кхиъна, йогIучу Нурседина тайра кIентан жоп. Трактор нуьцкъаша хьалатеIара. Некъ, хала бара аьлча а, бан а бацара, дуьххьалдIа кхузахула ирх кхул хьалха а машенаш ихна лараш гар доцург. Гу тIе йаьлла йоллуш, трактор цIеххьана, цхьа хIума хаьдча санна, вон тата долуш, цкъа сецира, тIаккха меллаша кIегар текхира, шена тIаьхьара прицеп йуха а тоттуш. ТIера тракторист, Нурседин бIаьрг кхуьуш, шен цIен бос бовш, кIайвелира. Нурседа ша йолччохь йогIайелира: трактор шен прицепца йуха охьаоьхура, некъана раз а йаьлла, бердан йистехьа теIаш.
– Охьаэккха! Йита трактор! – мохь туьйхира Селитина уллохь вогIучу Увайса, куьйга эшара цунна и гойтуш. Изий, Дауддий цунна орцах хьалаведира.
Трактористо корта ластийра, ша «охьаэккха реза вац» бохучу маьIнехь. Массеран а бIаьргаш цунна тIехь севцира, шаьш дан дезарг ца хууш. Трактор, ца соцуш, меллаша кIегаръоьхура тIерачу трактористо, ма-хуьллу тIам дIаса а ийзош, эткаш чуьра когаш дера тормозашна тIетеIошшехь. Нурседас, цIеххьана тIе а хьаьдда, шегара дечиг тракторан тIехьарчу чкъургаш кIел тесира. Трактор сацийра, прицеп бердан йисте кхача ши-кхо гIулч йуьсуш. Берриш дIахьаьвсира Нурседе, тIаккха – тракторе: иза шен тIаьхьарчу чкъургашна кIел тесна дечиг лаьттах чу теIош, цунна тIоьхула йала гIертара. Амма схьаиккхинчу Даудий, Увайсий шайгара дечигаш а сихха, нис а йеш, тракторан а, прицепан а чкъургашна кIел йехкира. Трактор, ша йолччохь, сецира.
Массеран а сапаргIатделира. Дауда, тIе а вахана, вист ца хуьлуш, массарна а гуш, маракъевлира шен йиша. Эццигахь ган йезара Нурседин йуьхь: ма йогура иза!
Трактористо, цхьа сахьт далале, йуха тойинчу тракторца школин керта оьзна дечиг, мехкарша прицепа тIера охьа а кховдош, божарша paгly кIел, гIулч йеш, дIадоьттира.
ДIавоьдучуьра вуха а вирзина, тракторист paгly кIел пальтох куьг хьоькхуш йоллучу Нурседина тIе вахара:
– Алахьа, диканиг, цIе хIун йу хьан?.. Хьо ца хиллехь, тIаме а вахаза, эрна лара-кх со цхьана мIаьргона.
– Берсанова Нурседа йу-кх! – серладевллачу сийначу бIаьргашца синкъераме кIентан бIаьра а хьаьжна, пондаран мерз санна, зевне деккачу озаца, шек а йоцуш, йуха хаьттира йоIа:
– Ткъа хьан цIе?
– Цултигов Расул… Сан цIарх-м xIун дора? Хьо йу тахана коьртаниг! – аьлла, кIант шен догучу Iаьржачу бIаьргашца йуха а йоIе хьаьжира. Церан бIаьргаш севцира вовшашна тIехь.
– Хьо фронте ца воьдуш хIунда висина?
– Заявлени дIа-м делла! Делахь а… трактористаш ца тоарна, бронь а йелла, цкъачунна буха витина-кх!
– Дера, и трактор дIахоьцур йолуш-м ца хиллера хьо!
– Хала кхаьчча соьга… Керла йу иза, – аьлла, Iодика а йина, кхин а хьевала бегIийла а ца хетта, шен тракторан гloвгla а эцна дIавахара тракторист.
Йижарий школера цIа богIуш, гуттар йекаш хуьлу Нурседа хIинца мелла а ойлане йара. Шена а ца хууш, цуьнан аз а шатайпа лекхалуш, болар а, дайлуш, хийцаделлера. ЦIеххьана чубоьжначу тIулго шовда санна, марсайаьккхинера, беснеш йогучу кIанта, хIинццалц хьаьъна лаьттина, йоьIан деган айма: «Ма майра ву и… Ма товш а ву».., – дагара ца волура и Нурседина.
ДIайижале цкъа Селитица къамеле йолуш хуьлу Нурседа тховса, йист а ца хуьлуш, метта йелира. Оцуьнан бахьанех мелла а кхиъна Селита а IадIийра, хеттарш ца деш, цо ша и дийццалц.
Вукху дийнахь, paгly кIел гIортораш а йоьгIна, цIера дагарш, херхаш деана, кхоккха цхьаьна а хилла, дечиг хедо хIиттира дешархой. Селитий, Нурседий, Увайссий цхьаьна нисделира. Селитассий, Увайсий херх хьоькхура, даьккхина дечиг Нурседас жимачу гIудалкхаца дIакхоьхьура. Селитин синтеме, Iаьржа бIаьргаш, Нурседа йоцчохь цахуучуха Увайсехьа хьовсура наг-наггахь. Нурседа-м церан тидам бечохь ша а йацара: иза дIалаьцнера шен ойлано. Иза гIудалкха тIехь дечиг дIаэцца йахана а йолуш, Селитас херх хьоькхуш, ца хууш Увайсан пIелг хадийра даьIахка тIе кхаччалц.
Ша лазийча санна а ца хийтира кIантана: «ХIума дацара хIара-м!» – велакъежира иза.
Селитас, чехка кисанара схьадаьккхина, дIакховдийра мерах хьокху дарин йовлакх:
– ХIан, дIабехкахьа!.. ЦIена ду хьуна…
– XIapa хIинца цаберзарна а ца кхоьру-кх со!.. XIapa йовлакх ас, Селита, кху пIелгал а Iалашдийр ду-кх хьуна, – элира Увайса. ЙоьIан дагах мерза алу туьйхира, цIийелла охьахьаьжира иза. ХIинццалц дош а къадозачу кIанта дуьххьара иштта хаийтира шен безам. Ма ирсе хийтира йоIана эццахь ша! Дуьненчохь кхин хIумма а ца лаьара – даима а ша Увайсана йезийла доцург! Селитин эсала догучу бIаьргаш чохь, церан кIоргехь богу чиркх цхьаммо-м гуш доцчу куьйга цIеххьана хьалаоьзначух тера, цхьа шатайпа керла суй летира – дуьненах сакъерадаларан суй! Жим-жимма йекхалуш, тIаккха цIеххьана дерриге дуьне а серладоккхий, схьахIутту Iуьйре санна, Селитин кийрахь, хIинццалц жим-жимма гуллуш а лаьттина, хIинца цIеххьана, де санна, къегина схьахIоьттира безам.
Йухайеара Нурседа, цунна гира Увайсан бихкина пIелг а, Селитин бIаьргаш чохь летта суй а, амма иза тIаьхьа хатта дитира цо. ГIуллакх чекхдаьлча, йижарийн Iодика а йина, Увайс дIавахара…
Цу буса, цIахь, шаьшшиъ дIайуьжуш, майрайаьллачу Нурседас, Iе а ца йелла, элира Селите:
– Суна… Расул везавелла!.. – ша аьлла йаьлча, эхь хетта, пенехьа дIайирзира и. Селита йелакъежира, амма Селитас тIаккха а-м ца йийцира йишига шен деган къайле: цхьаннех а тешо мегар а доцуш, шатайпа доккха хIума хетара цунна шен безам! Иза кхоьрура, кхечарна иза шена санна цахетарна а, йа иза бийца баьккхича байбаларна а…
* * *
Селитас, ша а йолий, ойланаш йора: дIа стенна тIера йолаелча а, хьаьвззий Увайсана тIекхочура уьш. Дуьненчохь доллучух ойла йойтург а, дерриг хIинца шеца дозаделларг а Увайс вара. Хьалхачул чIогIа сакъералора Iаламах: гена воццуш, кхана а йуха ган йиш а йолуш, хIоккху аренашкахула лелаш вара «и», – кху Iаламан уггар боккха тамаш! Тахана а, цунах бIаьрг кхетар бацара-те аьлла, нене а хаьттина арайаьлла, библиотекехьа йоьдура Селита. Масех де а даьллера Увайс ганза: Iаьнан каникулаш йара. Малхехь лепаш генна дIа гора лайн аре. ЙоIана дагатесира: «Ма хаза хир дара кху аренашкахула цуьнца цхьаьна лелаш…». Шена санна, и нахана а тамаш хIунда ца хета-те, массеран а багахь хIунда вац-те и аьлла, хетара йоIана. Оцу минотехь клуба чуьра, пхьаьрса кIел книжкаш а лаьцна, араволуш Увайс гира цунна.
ДегI дайдеш, дуьне а серладоккхуш, Селитин кийра малх кхийтира. Таханлера де а, эрна дайна доцуш, и гича хьоме хийтира. ХIетте а, кIантана ша гале, и ша лелочух кхиарна кхерайелла, дIа а йирзина, кхечу новкъа йаьлла, сихха цIа йеара Селита…
Мел лелориг а, дийриг а, дерриге а даг чохь цунна хьажийна. Цуьнца доьзна дара йоьIан: кхин а дика Iамайора цIахь урокаш, кхин а леррина, цIена лелара тIехь, чуьрачаьрца а мерза йара йоI. Школе йоьдуш а сакъералора…
Нурседин-м сагатдала дуьйлира: Расул кхин ца вогIура школе. «Дечиг кхача, мукъна а, дахьара», – хетаделира Нурседина, классан сонерчу пеше а хьаьжна.
Школехь дечиг дара, амма… мехкадаьтта дацара. Масех кIира а дара рогI-роггIана иза дешархоша цIера кхоьхьу. Селитас а, нене дехна, шишана чохь цкъа деара, амма шолгIа Нурседас дехча, Нурбикас кхин ца делира: цIахь а ца тоьура.
ТIеда дечиг хенахь ца летара. Классашкахь кIуьран хьожа хаалора, шийла лаьттара, цкъацца пIелгаш а дахьош. Тахана къаьсттина гIайгIа йара оцуьнан массо а дешархошна: гергадеанера ЦIечу эскаран дезде! Дауддий, Увайссий ваьллера цунна оьшу плакаташ, лозунгаш йазйина. Амма дезачу денна синкъерам муха хIоттор бара ишттачу шелехь?
– Суна хаьа хьуна, мехкадаьтта мичара дан деза-м! – Селитин лере таьIира Нурседа…
И шиъ, йоккхачу перерывехь, бидон а эцна, Анна Львовнас школин цIарах кехат а йаздина, тракторни бригаде йахара… Расул волчу!
– Дера, ца хаьа, Нурседа! Ахь-м мехкдаьтта боху… тIадам буха ца буьтуш, сайн пхенаш чуьра доллу цIий-м лур дара ас, ахь дехча, – элира Расула!
Шена хьалха лаьтта охьахьаьжира Нурседа: и лан ницкъ бацара! Цо ша йогIуш къайллах сел сатеснарг, оццул атта, дог Iаббош схьаделира кIанта! Шаьш бидон эцна цIехьа дуьйладелча, Нурседас, йуха а хьаьжна, элира:
– Дечиг деъча тоьу моьтту хьуна? Ма атта йицйина ахь школа… Кхана самодеятельность йай тхан-м… вола!
Нурседин сийначу, хIинццалц ойланза леппачу бIаьргаш чу, хьалха гина йоцу, шатайпа марха йоьссира: безамо йойтучу оланийн марха…
* * *
Делкъехь дуьйна а, школин кертара а дика гучу, Яссел дехьарчу басера схьа оркестран эшарш хезира: цигахь лаьттачу меттигерчу гарнизонан зурманчаш а бара ЦIечу эскаран дезчу денна кечам беш.
Сарахь оцу гарнизонера школе хьошалгIа веанчу кхаа тIемалочух, лакхарчо, къоначу лейтенанта Еланцевс доклад йира. Цо, чохь берш тешош, дийцира тIамехь вайн эскаро ловчу халонех а, вайн бIаьхоша цигахь гойтучу хьуьнарех а:
– Йалх баттахь бен ца хилла со фронтехь. Чов хилча, тыле ваьккхина. Амма суна даима хьалха лаьтта цигахь бевзинчу вайн тIемалойн аматаш…
Дукха масалш далийра Еланцевс:
– Цхьа сержант вара тхан, Стручко Богдан цIе йолуш, окоперчу телефонан тергаме дIахIоттийра и, хьайна чов хилахь а, хьо вехь а, меттах ма ваьллахь, хьайн метта оха кхин ваийтталц! – аьлла. Цу агIорхьа шена мел гина а, телефонехула хезна а хийцамаш цу сохьтта командни пункте а хоуьйтуш, дика лаьттира Стручко. ЦIеххьана сецира цуьнан телефон. Эххара йуха а йийкира.
– ХIун хилла цигахь? – хаьттира командиро.
– Чов хилла! – доьхначу озаца жоп делира.
– И-м хIумма а доцург дара тIамехь! Латта хьо! Веллалц латта! Тхан гIуллакх гIоьртина ду!
– Бехк ма биллалахь, накъост командир, цхьана куьйга схьалаьцна чуьйраш йу сан, багахь къевлина телефонан тел доллу, иза йуккъехь хадийна ду. Бехк ма билла!.. Со… вийна! – цо олуш, цуьнан карара охьабоьжначу телефонан мукъан тата хезира тхуна. Цуьнан метта хIотта цу сохьта кхоъ велира. Цу кхааннах цига хьалха дIавахана шиъ дIа а кхачале, цхьаъ вукхунна тIаьххье вийча, командиро кхоалгIачуьнга элира:
– ХIа! Хьан ца ваха а бакъо йу… хIинца. Бухасаца!
– Накъост командир! – элира бIаьхочо, – хIинца къаьсттина бакъо йац сан буха саца! Вахийта со!
Иза, ца вуьйш, дIакхечира. Итт дийнахь гергга, тIеман цIергахь лаьттира иза, дууш а, йа молуш а доцуш. Цо шен декхар кхочушдарна тхан аьтто а хилира, фашисташа го бина йолу вайн полк кIелхьарайаккха а, мостагIчунна кхин дIа болу некъ бехка а…
Лейтенанта йукъкара, бай корта ластабой, йухатосура шен хьаьж тIе охьаоьху боьмаша йуькъа кIужал.
– Тхан кхин цхьа бIаьхо – Гинатулин Тукай, дегIах гранаташ а йихкина, тIейогIучу немцойн танкана нисса кIел вижира, иза оьккхуьйтуш, ша а леш. Вукхо – Кавказера вара и – Анзор Бекхоевс – ша, граната а тоьхна, сацийначу немцойн танка чуьра аралилхина масех фашист цу сохьта автоматца охьа а виллина, маса цу танка а чу хиъна, иза йуханехьа чухаьхкира фашисташна, церан магIарш отуш, ша а хIаллакьхиллалц…
Лейтенанта дуккха а далийра цу тайпана масалш. Хьалхарчу гIенташ тIехь Iачу Савва Ильича а, Анна Львовнас а, Кесирас а, царна тIехьа хевшинчу Селитас, Нурседас, Дауда, Увайса а, кхечара а, бIаьрг тIера ца боккхуш, ладоьгIура цуьнга. Селитина товш хийтира ур-атталла, лейтенантан аьрру бесни тIехула разбоьду беса мо а. Шен доклад дIайоьдуш, лейтенанта элира:
– Вайн советан халкъан а, берриге вайн Даймехкан а доккха ирс ду тахана, кху халчу муьрехь, вайна куьйгалла деш, дуьненан массо а къинхьегамхойн тхьамда, вайн заманан гений сийлахь-воккха Сталин хилар…
Савва Ильич Анна Львовнина лере таьIира:
– ХIинца тIуьла ботта волавели…
Анна Львовнас пхьарс къовзийра цуьнан «сацийталахь!» бохучу маьIнехь.
Докладчико дуьйцура:
– ТIеман Iилманан а корифей волчу цо, тахана кху тIамехь шен амалехь цхьаьна тоьхна: Суворовн масалла, Кутузовн тидамалла, Наполеонехь хилла стратегин кIоргалла. TIe, царел сов, тылехь а болх айарехь Сталина гайтина хьалха цхьаьннан а хилла доцу хьуьнар. Цундела бакъонца вай тахана чIагIдо накъост Сталин массо а заманан, дуьненан массо а къоман а уггаре говза воккха полководец хилар…
– Iалелай!.. – йуха а Анна Львовнин лере таьIира Савва Ильич.
Цуьнга шийла дIахьаьжира Анна Львовна: «Савва Ильич! Валохьа, уьйтIахь хIун ду хьажахьа!»… – шабар дира цо мардега.
Савва Ильич хаза а хеташ уьйтIа велира. «Цуьнан а хIун бехк бу: Сталина и тайпа докладаш, ша кеч а йойтуш, дIасакхоьхьуьйтуш хилча», – ойла хилира цуьнан, араволуш.
Докладчика дуьйцура:
– Тахана вай а и къобалдеш, хиндерг дика гуш волчу Сталина, кху дийнах вай лардеш, шен хеннахь, I937- 38-чуй шерашкахь, вайн мохк дIацIанбира халкъан мостагIех – оцу «пхоьалгIачу колоннех». Оцо а гойту Сталинехь йолу, наггахь бен хуьлуш а йоцу, йоккха пайхамараллин похIмалла…
Иштта дIа кхин а, барамза хестош, вазвора лейтенанта шен докладехь Сталин. Иза ша а, кхузахь цуьнга ладоьгIу Анна Львовна а, Кесира а, кхиберш а, къаьсттина кегийрхой, даггара тешара Сталин ца хилча вайн йиш а йоцуш, берриг мехкан хьекъале тхьамда хиларх.
Цундела Анна Львовнас тIе ца оьцура шен мардас Савва Ильичо кест-кеста Сталинна йо кхиссарш. Иза кхеттане а ца кхетара хIунда вац-те Сталинна муьтIахь, ширачех партиец а хилла, Зимний йоккхуш а дакъалаьцна, Смольнехь Ленинна гIароллехь а лаьттина волу Савва Ильич. Анна Львовнас и шега хаьттича а, Савва Ильича мегарг жоп ца лора. Доцца олура:
– Со кхечу хьесапехь ву…
Сталинан чIагIделла даьлла луьра низам гуш, Савва Ильична ца лаьара, шен кIентан зуда – Анна Львовна, цуьнан шен дагахь дIахIоьттина даьллачу ойланийн куьцах и эрна йохош, хIинца, цунна кхераме долчу, кхечу хорша йаккха. Амма Савва Ильич дукха хенахь дуьйна а шек вара Сталина а, цуьнгахьа бевллачара а, Ленин веллачул тIаьхьа дIакхоьхьу некъ, харц хилла ца Iаш, йамарт хиларх. Дуьххьара шеквелира и Сталинах I930-чу шерашкахь, цо, хьалхалера шира ленинцаш дIа а теттина, церан метта шега ладугIу болу, кхиберш хIиттийча. Кхин а чIогIа дог делира Савва Ильичан Сталинах, цо, цхьацца цIерш а тохкуш, шена резабоцурш хьаша болийча. Ца тайра: цо НЭП дIалакъор… ДIайевлла «тIеман коммунизман» амалш карлайахар… Кулакаш дIабоху а бохуш, йуьртабахамхой бохабар…
ХIан–хIа! Уьш лаццане тIе ца лоцура Савва Ильичан даго, амма хIетте а и IадIара, ЦК-н а, партин пленумаша а Сталин бакъвар а гой. Эххар, шен собар кхачийча, I934-чу шарахь, партин съездехь, Ленинградерчу делегацица волчу Савва Ильича къайллаха дIайайъира Сталинан цIе харжаман кехатана тIера. Делахь а Сталин йуха а хаьржира. Амма Сталина хIаллакбира цу съездан делегатех дукхахберш а. Савва Ильич цецвуьйлура Сталинан массо а хIуман тIехь а аьтто баларх.